YouVersion Logo
Search Icon

Арадаккхар 20

20
Делера болу итт хьехам
(Карлабаьккхинарг 5:1-21)
1Юха Дала халкъе хӀара дешнаш элира:
2«Со Веза Эла ву, шун Дела, шу Мисарара, лоллехь долчуьра Арадаьхнарг.
3Со воцург кхин Дела ма хилийта шайн.
4 # Арадаккхар 34:17; Ӏамалъяр 19:4; 26:1; Карлабаьккхинарг 4:15-18; 27:15. Цхьана а тайпана лакхахь стигалахь, я лахахь лаьттахь, я лаьттал лахарчу хиш чохь хӀуманан вастехь сурт кхуллуш, шайна цӀуш а ма белаш. 5#Арадаккхар 34:6, 7; Лелар 14:18; Карлабаьккхинарг 7:9, 10. Царна корта а ма бетта, Ӏибадат а ма де. Со, шун Веза Дела, эмгаралла йолу Дела ву. Со ца везаш волчунна таӀзар до Ас. Ас цунна а, цуьнан берашна а, кхозлагӀчу а, йоьалгӀачу а тӀаьхьенна тӀекхаччалц таӀзар до. 6Амма, шена тӀедиллинарг кхочуш а деш, Со везаш волчунна эзарнаш тӀаьхьенашкахь Сайн хедар боцу безам гойтур бу Ас.
7 # Ӏамалъяр 19:12. Везачу Элан, шайн Делан, цӀе эрна ма яккха, хӀунда аьлча Шен цӀе эрна йоккхуш верг Везачу Эло таӀзар ца деш вуьтур вац.
8 # Арадаккхар 16:23-30; 31:12-14. Шоьтан де дагахь латтаде, иза Сан дуьхьа дӀа а къастош. 9#Арадаккхар 23:12; 31:15; 34:21; 35:2; Ӏамалъяр 23:3. Ялх дийнахь болх а бе, дерриг а шайн гӀуллакхаш а нисде. 10Ткъа ворхӀалгӀа де шайн Везачу Далла лерина садоӀу де хилийта. Цу дийнахь аша а, шун кӀанта а, йоӀа а, шун лено а, гӀарбашо а, даьхнино а, шун хӀусамехь волчу хьешо а цхьа а тайпана болх ма бе. 11#Доладалар 2:1-3; Арадаккхар 31:17. Везачу Эло ялх дийнахь кхоьллина стигалш а, латта а, хӀорд а, дерриг а царна чохь дерг а. ВорхӀалгӀачу дийнахь Цо садаьӀна. Цундела шоьтан де, декъал а дина, Шен дуьхьа дӀакъастийна Везачу Эло.
12 # Карлабаьккхинарг 27:16; Маттай 15:4; 19:19; Марк 7:10; 10:19; Лака 18:20; Эпасхошка 6:2; Эпасхошка 6:3. Шайн дай-наний а лара, шайн Везачу Дала шуна лур долчу лаьтта тӀехь дехха дахар шун хилийтархьама.
13 # Доладалар 9:6; Ӏамалъяр 24:17; Маттай 5:21; 19:18; Марк 10:19; Лака 18:20; Римхошка 13:9; Якъуба 2:11. Адам ма де.
14 # Ӏамалъяр 20:10; Маттай 5:27; 19:18; Марк 10:19; Лака 18:20; Римхошка 13:9; Якъуба 2:11. Нахаца ма лела.
15 # Ӏамалъяр 19:11; Маттай 19:18; Марк 10:19; Лака 18:20; Римхошка 13:9. Къола ма де.
16 # Арадаккхар 23:1; Маттай 19:18; Марк 10:19; Лака 18:20. Шайн уллорачунна дуьхьал харцтоьшалла ма де.
17 # Римхошка 7:7; 13:9. Шайн уллорачун цӀа ма деза, цуьнан зуда а ма еза, цуьнан лай а, гӀарбаш а, сту а, вир а, цуьнан цхьа а хӀума а шайна ма деза».
Халкъ кхоьру
(Карлабаьккхинарг 5:22, 23)
18 # Ӏебархошка 12:18, 19. Дерриг а халкъана стигалан къекъар а, цӀеран алу а, кӀур туьйсу лам а гора, уьстагӀан маӀан аз а хезара. И сурт гича, кхоьруш, генна а бевлла, хьоьжуш лаьттара нах. 19Цара Мусага элира: «Ахь дийца тхоьца, оха ладугӀур ду, амма Дала тхоьца къамел ма дойла, тхо ца далийтархьама».
20Мусас халкъе элира: «Кхера ма кхера. Дела шу зен а, Шега болчу ларамах шу дуьзна а долуш, шуьга къа ца латадайта а веана ву». 21Халкъ геннахь лаьтташ дара, ткъа Муса Дела чохь волчу юькъачу мархина гергавеара.
СагӀа доккхучу меттигех долу парзаш
22Везачу Эло Мусага элира: «ДӀаала исраилхошка: „Шуна гира, Ас стигалара шайга къамел деш. 23Суна хьалха шайна дато а, дашо а цӀуш ма бе. 24Лаьттах Суна лерина сагӀа доккху меттиг а яй, цу тӀехь дийнаташ дагоран а, барт баран а сагӀанаш даха, шайн уьстагӀий а, стерчий а далош. Сан цӀе шуна дагаяийта Ас билгалъяьхначу массо а меттигашкахь, Со тӀе а вогӀуш, Ас шу декъалдийр ду. 25#Карлабаьккхинарг 27:5-7; ЮшаӀ 8:31. Нагахь шаьш Суна лерина сагӀа доккху меттиг тӀулгех еш хилахь, хьаькхначу тӀулгех ма е иза. ТӀулг хьокхучу гӀирсо уьш Далла хьалха бехдийр ду. 26СагӀа доккхучу меттигна тӀевоьдучохь лами ма бе. Цунна тӀехула шу хьаладовлуш, бедаршна кӀелхьара шун дегӀ гур ду“».

Currently Selected:

Арадаккхар 20: CHE

Highlight

Copy

Compare

Share

None

Want to have your highlights saved across all your devices? Sign up or sign in