Цхьана а тайпана лакхахь стигалахь, я лахахь лаьттахь, я лаьттал лахарчу хиш чохь хӀуманан вастехь сурт кхуллуш, шайна цӀуш а ма белаш. Царна корта а ма бетта, Ӏибадат а ма де. Со, шун Веза Дела, эмгаралла йолу Дела ву. Со ца везаш волчунна таӀзар до Ас. Ас цунна а, цуьнан берашна а, кхозлагӀчу а, йоьалгӀачу а тӀаьхьенна тӀекхаччалц таӀзар до.