YouVersion Logo
Search Icon

Арадаккхар 19

19
Исраилхой Синай-лам болчохь
1Шаьш Мисарара арадевлла кхозлагӀа бутт чекхболуш, бутт цӀинлучу хенахь, Синай цӀе йолчу яьссачу ара баьхкира исраилхой. 2Рапидамера схьабевлла, Синай йолчу а баьхкина, ламанна дуьххьал севцира уьш. Цара цигахь шайн меттамотт хӀоттийра. 3Муса лома тӀе, Дела волчу хьалавелира. Везачу Эло, лам тӀера кхайкха а кхайкхина, цуьнга элира: «Якъубан тӀаьхьене, исраилхошка, дӀаала:
4„Шуна гина Ас мисархошна динарг, гина Ас, аьрзун тӀемаш тӀехь санна, шаьш Со волчу схьадалор. 5#1 Кипин 2:9. #Карлабаьккхинарг 4:20; 7:6; 14:2; 26:18; Тите 2:14. Нагахь Ас бохучуьнга ла а дугӀуш, Соьца бина барт аш ларбахь, массо а халкъашна юкъара шу Сан долахь долу жовхӀар хир ду, хӀунда аьлча дерриг а Латта Сан ду. 6#Довзийтинарг 1:6; 5:10. Шу Сан деза халкъ а хир ду, динан дайн пачхьалкх а хир ю“.
Муса! Ас аьлла и дешнаш Исраилан халкъе ахь дӀахаийта».
7Юха а веана, къаной а гулбина, Везачу Эло шена тӀе диллинарг цаьрга дӀаэлира Мусас. 8Дерриг а халкъо, цхьа барт а хилла, элира: «Везачу Эло бохург дерриг а кхочушдийр ду оха». Халкъо аьлла дешнаш Везачу Эле хаийтира Мусас.
9Везачу Эло Мусага элира: «Юькъачу мархи юкъахь хьуна дуьхьал хӀуттур ву Со, Ас хьоьца деш долу къамел хезча, нах гуттаренна а хьох тешийтархьама».
ТӀаккха наха аьлларг Везачу Элана хаийтира Мусас. 10Везачу Эло Мусага элира: «Халкъана тӀе а гӀой, тахана а, кхана а кечде иза, Сан дуьхьа уьш дӀакъасто. Нахе шайн бедарш а йиттийта. 11КхозлагӀчу дийнахь кийча хила а ала цаьрга. Цу дийнахь дерриг а халкъана хьалха Веза Эла волу Со Синай-лам тӀе вуссур ву. 12#Ӏебархошка 12:18-20. Ламанна гонах сиз а хьакхий, нахе лам тӀе а ма довла, цуьнан лахенах хьакха а ма ло ала. Ломах хьакхавелларг вуьйр ву. 13Адам делахь а, хьайба делахь а, тӀулгаш деттий я пха кхоссий, де иза. Цхьаммо а цунах куьг а ма Ӏотта. Локхучу уьстагӀан маӀан дахдина аз хезча, нах лам тӀе хьалабовла мегар ду».
14Лома тӀера чу а воьссина, нах базбира Мусас. Цара шайн хӀуманаш йиттира. 15Цо халкъе элира: «КхозлагӀчу денна кийча а хила, шайн зударшна улло а ма гӀо».
16 # Довзийтинарг 4:5. # Карлабаьккхинарг 4:11, 12. КхозлагӀчу дийнахь лома тӀе юькъа марха йоьссира. Къекъаш стигал а яра, серладуьйлуш стелахаьштигаш а дара, хезаш уьстагӀан маӀан вуно онда аз а дара. Меттамотт болчохь долу адам чӀогӀа кхераделира. 17Мусас халкъ, меттаматтара ара а даьккхина, ламанна кӀел Делаца цхьаьнакхета дӀадигира. Уьш ламанан кӀажехь дӀахӀиттира. 18Берриг а Синай-лам кӀуьро дӀалаьцнера, Веза Эла цӀергахь шена тӀе воьссина дела. ЧӀогӀа бегош болчу цу ломах, пешара санна, кӀур хьалаоьхура#19:18 Грекийн гочдар тӀехь: Ломах, пешара санна, кӀур хьалаоьхура, ткъа нах синтем байна меттахбуьйлура.. 19УьстагӀан маӀан аз тӀаьхь-тӀаьхьа чӀагӀлуш дара. Мусас къамел дора, Дела цунна дуьхьал стигал къовкъарехь вистхуьлура. 20Синай-ламанан бохь тӀе воьссинчу Везачу Эло Мусага лам тӀе кхайкхира. Муса хьалавелира. 21Везачу Эло Мусага элира: «Чу а воссий, халкъе улло а ма дола, Веза Эла ган а ма гӀерта ала. Цара иза дахь, нахах дукхахберш хӀаллакьхир бу. 22Веза Эла волчу Суна улло богӀу динан дай а тӀехь шаьш-шайн базбина хила беза, Соьга шаьш лаза ца байта».
23Мусас Везачу Эле элира: «Халкъан Синай-лам тӀе дала бакъо яц, хӀунда аьлча Ахь аьлла тхоьга, ломана гонах сиз а хьакхий, лам базбеш Хьайна дӀакъастабе аьлла».
24Везачу Эло цуьнга элира: «ГӀой, нах болчу чувосса, юха АхӀаронца хьалавала. Динан дай а, нах а Со волчу хьала ма бовлийта, Соьга шаьш хӀаллак ца дайта». 25Халкъ долчу чу а воьссина, и дерриг а дӀаэлира Мусас.

Currently Selected:

Арадаккхар 19: CHE

Highlight

Copy

Compare

Share

None

Want to have your highlights saved across all your devices? Sign up or sign in