Арадаккхар 7
7
1Амма Везачу Эло Мусага элира: «Ас хьо пирӀунна тӀехь Дела хӀоттийна, ткъа хьан ваша АхӀарон хьан туркх хир ву. 2Ас хьайна тӀедиллинарг дерриг а дӀаэр ду ахь. Ткъа хьан вашас АхӀарона пирӀуне эр ду, цуьнга исраилхой шен махкара дӀахеца аьлла. 3#Векалийн 7:36. Амма пирӀунан дог а чӀагӀдина, Мисар-махкахь дуккха а Сайн билгалонаш а, тамашийна хӀуманаш а гойтур ду Ас. 4Ткъа пирӀуно шуьга ладугӀур дац, тӀаккха луьра таӀзарш а деш, Сайн куьйга охьатаӀор ю Ас Мисар. Сайн бӀо, Сайн халкъ, Исраилан кӀентий, Мисар-махкара арабохур бу Ас. 5ТӀаккха хуур ду мисархошна Со Веза Эла вуйла. Сайн ницкъ Мисарна тӀе а берзийна, мисархошна юкъара Исраилан кӀентий арабохур бу Ас».
6Везачу Эло шайна тӀе-ма-диллара, гӀуллакх кхочушдира Мусас а, АхӀарона а. 7Мусан дезткъа шо дара, ткъа АхӀаронан дезткъе кхоъ шо дара цу хенахь.
АхӀаронан Ӏаса
8Везачу Эло Мусага а, АхӀароне а элира: 9«Нагахь пирӀуно тамашийна хӀума гайта алахь, ахь АхӀароне ала: „Хьайн Ӏаса схьа а эций, пирӀунна хьалха охьакхосса“. Ӏасанах лаьхьа хир бу». 10ПирӀун волчу а веана, Везачу Эло ма-бохху дира Мусас а, АхӀарона а. АхӀарона шен Ӏаса пирӀунна а, цуьнан уллорачарна а хьалха охьакхоьссира – Ӏасанах лаьхьа хилира. 11ТӀаккха пирӀуно шен хьекъал долу нах а, бозбунчаш а схьакхайкхира. Цара, жиналла а лелийна, АхӀарона диннарг дира. 12Царах хӀорамма а шен Ӏаса охьакхоьссича, царах лаьхьарчий хилира. Амма АхӀаронан Ӏасано дӀакхаьллира церан Ӏасанаш. 13ПирӀунан дог чӀагӀделира. Везачу Эло ма-аллара, цо ла ца дуьйгӀира Мусага а, АхӀароне а.
Хьалхара таӀзар: цӀий
14ТӀаккха Везачу Эло Мусага элира: «ПирӀун ша бохучунна тӀехь лаьтташ ву, ца лаьа цунна халкъ дӀахеца. 15Кхана пирӀун волчу гӀо. Иза Нил-хин берда йисте веача, цунна дуьхьал дӀахӀотта, шех лаьхьа хилла Ӏаса хьайн буйна а лаций. 16Ахь цуьнга ала: „Везачу Эло, Ӏебархойн Дала, ваийтина со хьоьга дӀаала: ‘ДӀахеца Сан халкъ яьссачу арахь Суна Ӏибадат дайта. ХӀинццалц ахь ла ца доьгӀна Цуьнга. 17#Довзийтинарг 16:4. Везачу Эло боху, хӀинца хуур ду хьуна Ша Веза Эла вуйла. Ас сайн карара хӀара Ӏаса Нил-хи тӀе тухур ю, цу хих тӀаккха цӀий хир ду. 18Хи чуьра чӀара а лийр бу, хих боьха хьожа а йогӀур ю. Мисархошна дегаза хетар ду и хи мала’“».
19Везачу Эло Мусага элира: «ДӀаала АхӀароне, шен Ӏаса карахь йолу куьг дерриг а хиш тӀехула а, Ӏаьмнашна а, шена чохь хи долчу меттигашна а тӀехула лаца алий. Хих цӀий хир ду. Берриг а Мисар-махкахь ур-атталла дечиган а, тӀулган а пхьегӀаш чохь хина метта цӀий хир ду».
20Везачу Эло тӀе-ма-диллара, гӀуллакх кхочушдира Мусас а, АхӀарона а. Шен Ӏаса хьала а айина, пирӀунан а, цуьнан уллорачеран а бӀаьргашна хьалха Нил-хи тӀе туьйхира АхӀарона. Дерриг а хих цӀий хилира. 21Хи чуьра чӀерий а делира, хи а телхира. Мисархошка иза мала ца лора. Берриг а Мисар-махкахь хинан метта цӀий дара. 22Мисарара бозбунчаша, шайн жиналла а лелийна, кху шиммо диннарг дира. ТӀаккха пирӀунан дог чӀагӀделира, Везачу Эло ма-аллара, Мусага а, АхӀароне а ла ца дуьйгӀира цо. 23Шена гиначух шек а ца велира пирӀун. Юха а вирзина, шен цӀа вахара иза. 24Шайна мала хи даккха Нил-хина юххехь гӀунаш яха хӀиттира мисархой, хӀунда аьлча важа хи малалуш дацара.
25ВорхӀ де дӀаделира Везачу Эло Нил-хина таӀзар диначул тӀаьхьа.
Currently Selected:
Арадаккхар 7: CHE
Highlight
Copy
Compare
Share
Want to have your highlights saved across all your devices? Sign up or sign in
© Институт перевода Библии, 2012