Амма пирӀунан дог а чӀагӀдина, Мисар-махкахь дуккха а Сайн билгалонаш а, тамашийна хӀуманаш а гойтур ду Ас. Ткъа пирӀуно шуьга ладугӀур дац, тӀаккха луьра таӀзарш а деш, Сайн куьйга охьатаӀор ю Ас Мисар. Сайн бӀо, Сайн халкъ, Исраилан кӀентий, Мисар-махкара арабохур бу Ас.