1
Маттай 17:20
Делан Йозанаш
CHE
Цо элира: «Шун Делах тешар кӀезиг долу дела. Аса баккъал боху шуьга: нагахь санна шун Делах тешар жимачу буьрттигал а белахьара, и лаьтташ болчу цу ломе аша „ДӀахила“ аьлча, иза дӀахуьлур бара. Шуьга да ца луш цхьа а хӀума хир дацара».
Compare
Explore Маттай 17:20
2
Маттай 17:5
Цо иза олучу юккъехь, лепаш йолу марха тӀе а еана, уьш дӀахьулбелира цуьнан ӀиндагӀехь. Мархи юккъера царна аз хезира: «ХӀара ву Суна дукхавезаш волу Сан КӀант! Цуьнгахула бу Сан лаам! ЛадогӀалаш Цуьнга!»
Explore Маттай 17:5
3
Маттай 17:17-18
Ӏийсас элира: «Галбевлла болу нах! Ва тешар доцу тукхам! Мел хир ву техьа Со шуна юкъахь? Мел лан деза техьа Аса шу? Схьавалаве иза Со волчу!» Ӏийсас жине, арадала аьлла, омра дира. Цу сохьта кӀант товелира.
Explore Маттай 17:17-18
Home
Bible
Plans
Videos