1
Маттай 16:24
Делан Йозанаш
CHE
Ӏийсас Шен мурдашка элира: «Суна тӀаьхьахӀотта лууш болчара шайн „со“ бохург дӀататта деза, шайн баланийн мохь схьа а эцна, Суна тӀаьхьахӀитта а беза.
Compare
Explore Маттай 16:24
2
Маттай 16:18
Аса боху хьоьга: хьо, тӀулг санна волу, Кипа ву. Цу тӀулга тӀехь Аса Сайх тешначийн тоба кхуллур ю. Жоьжахатин цӀеран а иза йохо ницкъ хир бац.
Explore Маттай 16:18
3
Маттай 16:19
Аса стигалийн Олаллера догӀанаш лур ду хьоьга. Ахьа кху дуьнен чохь дихкинарг Дала дихкина хир ду. Ахьа дуьнен чохь магийтинарг, Дала магийтина хир ду».
Explore Маттай 16:19
4
Маттай 16:25
ХӀунда аьлча шен са кӀелхьардаккха воьлларг синах вер ву, ткъа Сан дуьхьа са дӀаделлачунна бакъдолу дахар карор ду.
Explore Маттай 16:25
5
Маттай 16:26
ХӀун до кху дуьненах, нагахь санна цо шен са дайинехь? ХӀун до дерриг а дуьненах, нагахь стага шен са дайина хилча?
Explore Маттай 16:26
6
Маттай 16:15-16
ТӀаккха Цо цаьрга хаьттира: «Ткъа аша хӀун боху, Со мила ву боху аша?» ШамӀа-Кипас жоп делира: «Хьо Дала леррина Къобалвинарг, дийна волчу Делан КӀант ву».
Explore Маттай 16:15-16
7
Маттай 16:17
Цо аьллачунна дуьхьал Ӏийсас жоп делира: «Декъал хилла хьо, ШамӀа, Юнин кӀант, хӀунда аьлча хьуна иза нахера ца хиъна, стигалахь волчу Сан Дегара хиъна.
Explore Маттай 16:17
Home
Bible
Plans
Videos