1
Маттай 18:20
Делан Йозанаш
CHE
ХӀунда аьлча шиъ-кхоъ стаг Сан цӀарах вовшахкхетахь, цаьрца Со а хир ву».
Compare
Explore Маттай 18:20
2
Маттай 18:19
Кхин цхьа хӀума а эр ду Аса шуьга: шух волчу шиммо, барт а бина, доӀанехь Деле доьхуш хилахь, цара деххнарг Сан стигалахь волчу Дас кхочушдийр ду.
Explore Маттай 18:19
3
Маттай 18:2-3
Цо, бер тӀе а кхайкхина, мурдашна юккъе иза дӀа а хӀоттийна, элира: «Аса баккъалла боху шуьга: шайн дегнаш цӀан а дина, бераш санна дӀа ца хӀиттахь, Стигалийн Олалла тӀе а лаьцна, шу цкъа а Делаца хир дац.
Explore Маттай 18:2-3
4
Маттай 18:4
ХӀара бер санна, муьтӀахь а хилла, дӀахӀоьттинарг Стигалийн Олалла тӀелаьцначарна юкъахь уггар лакхара ву.
Explore Маттай 18:4
5
Маттай 18:5
Сан дуьхьа иштта цхьа бер тӀеоьцучо Со а оьцу тӀе».
Explore Маттай 18:5
6
Маттай 18:18
Баккъалла а боху Ас шуьга: аша кху дуьнен чохь дихкина долу гӀуллакх стигалахь Дала а дихкина хир ду. Аша кхузахь нахана пурба лахь, иза Дала делла пурба санна хир ду.
Explore Маттай 18:18
7
Маттай 18:35
Иштта хир ву шуьца Сан Стигалара Да а, шу даггара шайн вешина къинтӀера ца довлахь».
Explore Маттай 18:35
8
Маттай 18:6
«Амма Сох тешаш болчу царах лахара волчуьнга къа латадойтуш волчу хӀора стагана, хьеран тӀулг коча а тасийтина, ша хи чу а кхоссийтина, хӀорда буха вахар гӀоле ду.
Explore Маттай 18:6
9
Маттай 18:12
Шуна муха хета? Шен бӀе уьстагӀ берг, царна юкъара цхьа уьстагӀ дӀакъаьстича, бисина болу безткъе ткъайоьсна уьстагӀ шаьш болчохь лам чохь а битина, и дӀакъаьстина уьстагӀ лаха гӀур вац?
Explore Маттай 18:12
Home
Bible
Plans
Videos