1
Якъуба 3:17
Делан Йозанаш
CHE
Амма лакхара долу хьекъалалла, цкъа-делахь, цӀена ду, цул тӀаьхьа, машаре а, оьзда а, къинхетамах а, дикачу стоьмех а дуьзна а, озабезам боцуш а, шалхо йоцуш а ду.
Compare
Explore Якъуба 3:17
2
Якъуба 3:13
Ша хьекъал а, кхетам а болуш волчо шен оьздачу леларца а, хьекъалера схьадолчу эсалаллехь динчу гӀуллакхашца а гайта ца деза иза?
Explore Якъуба 3:13
3
Якъуба 3:18
Барт кхуллуш болчара бертахь дийначу хӀух нийсонан ялта схьадолу.
Explore Якъуба 3:18
4
Якъуба 3:16
ХӀунда аьлча хьагӀ а, шена пайда лехар а долчохь низам дохор а, мел долу вониг а ду.
Explore Якъуба 3:16
5
Якъуба 3:9-10
Цуьнца Веза Эла а, Да а декъалво вай, цуьнца Делан сибатехь кхоьллинчу адамна неӀалт а олу вай. Цхьана багара схьадолу декъалвар а, неӀалт алар а. Иштта хила йиш яц, сан вежарий.
Explore Якъуба 3:9-10
6
Якъуба 3:6
Мотт а цӀе ю. Иза дегӀан вукху меженашна юкъахь вон дуьне санна бу. Матто дерриг дегӀ а бехдо, вайн дахаран некъ хьала а латабо. Ткъа ша жоьжахатин цӀарах хьалалеташ бу иза.
Explore Якъуба 3:6
7
Якъуба 3:8
Амма адамашка цхьаьнгге а мотт кара ца Ӏамало, иза саца ца луш долу вон ду. Мотт Ӏожаллин дӀовшах буьзна бу.
Explore Якъуба 3:8
8
Якъуба 3:1
Сан вежарий! Шуна юкъара кӀеззиг нах бен ма хила хьехархой. Шуна хаьа, вайна еш йолу кхел мел чӀогӀа хир ю
Explore Якъуба 3:1