1
Якъуба 4:7
Делан Йозанаш
CHE
Цундела Далла муьтӀахь хила, иблисана дуьхьалдовла, тӀаккха иза шух додур ду.
Compare
Explore Якъуба 4:7
2
Якъуба 4:8
Далла улло гӀо, Иза а шуна улло вогӀур ву. Къинош летийнарш, шайн куьйгаш дила, шалхончаш, шайн дегнаш цӀанде.
Explore Якъуба 4:8
3
Якъуба 4:10
Везачу Элана муьтӀахь хила, Цо ойур ду шу.
Explore Якъуба 4:10
4
Якъуба 4:6
Амма Дала кхин а доккха дика дина вайна. Цундела аьлла ду: «Дела курачарна дуьхьал ву, амма ша кӀезиг хеташ Ӏаш болчарна Шен дика ло Цо».
Explore Якъуба 4:6
5
Якъуба 4:17
Цундела, дан дезаш долу диканиг а хууш, и ца деш волчунна къа хир ду.
Explore Якъуба 4:17
6
Якъуба 4:3
Дехча а, ца хуьлу шуна иза, хӀунда аьлча аша дикачу хӀуманна ца доьхуш, дуьненан хӀума тӀех дезачу шайн лаамийн дуьхьа доьху.
Explore Якъуба 4:3
7
Якъуба 4:4
Тешам боцурш! ХӀара дуьне дезар Делаца мостагӀалла хилар дуйла ца хаьа шуна? Дуьненах шена доттагӀа хила лууш верг Делан мостагӀа хуьлу.
Explore Якъуба 4:4
8
Якъуба 4:14
Шуна ца хаьа, кхана хӀун хир ду. ХӀун ду шун дахар? КӀеззигчу ханна деана а, юха дӀадолу а дохк ду иза.
Explore Якъуба 4:14