1
Якъуба 2:17
Делан Йозанаш
CHE
Иштта ду тешар а, нагахь цуьнца цхьаьна деш гӀуллакхаш дацахь, иза делла ду.
Compare
Explore Якъуба 2:17
2
Якъуба 2:26
Цундела, шена чохь са доцу дегӀ делла ма-хиллара, гӀуллакхашца доцу тешар а делла ду.
Explore Якъуба 2:26
3
Якъуба 2:14
ХӀун пайда бу, сан вежарий, стага шен тешар ду баьхча, амма цо деш долчу гӀуллакхаша иза гойтуш ца хилча? Ишттачу тешаро кӀелхьарвоккхур вуй иза?
Explore Якъуба 2:14
4
Якъуба 2:19
Хьо теша Дела цхьаъ хиларх, иза дика ду. Ур-атталла жинаш а теша Иза хиларх – ткъа уьш кхерарна дегадо!
Explore Якъуба 2:19
5
Якъуба 2:18
Амма цхьаммо ала тарло: «Хьан тешар ду, ткъа сан гӀуллакхаш ду». ГӀуллакхашца доцуш долу хьайн тешар гайта суна, ткъа аса гӀуллакхашца долу сайн тешар гойтур ду хьуна.
Explore Якъуба 2:18
6
Якъуба 2:13
ХӀунда аьлча къинхетам боцу кхел хир ю шегара къинхетам ца гайтинчунна. Къинхетам кхелал а лакхара бу.
Explore Якъуба 2:13
7
Якъуба 2:24
Гой шуна, стаг Далла хьалха бакъхуьлу шен гӀуллакхашца, тешарца хилла а ца Ӏаш.
Explore Якъуба 2:24
8
Якъуба 2:22
Гой хьуна, цуьнан тешар гӀуллакхашца цхьаьнадогӀуш хилла, и гӀуллакхаш бахьана долуш и тешар кхачаме хилла.
Explore Якъуба 2:22