1
Якъуба 1:2-3
Делан Йозанаш
CHE
Сан вежарий, доккха хазахетар санна ларалаш тайп-тайпана зераш шайна тӀе мосазза хӀуьтту. Шуна-м хаьа шайн тешар зерах чекхдаларо собар кхиош дуйла.
Compare
Explore Якъуба 1:2-3
2
Якъуба 1:5
Амма шуна юкъахь цхьанна хьекъалалла ца тоахь, цо иза Деле деха деза. Ша луш дерг атта а, бехкаш ца дохуш а луш волчу Цо иза массарна а лур ду.
Explore Якъуба 1:5
3
Якъуба 1:19
Сан хьомсара вежарий, муьлхха а стаг ладогӀарна сихвала веза, ткъа шен хабарна а, оьгӀазаллина а собаре хила веза
Explore Якъуба 1:19
4
Якъуба 1:4
И собар кхачаме хилла дӀахӀотта деза, шу, цхьа а дерт а доцуш, дуьззина кхачамалла долуш хилийта.
Explore Якъуба 1:4
5
Якъуба 1:22
Делан дош кхочушдеш болчарах хилалаш, цуьнга ладугӀурш бен а ца хилла, шаьш Ӏехочарах тар а ца луш.
Explore Якъуба 1:22
6
Якъуба 1:12
Декъалвина ву зенашна садеттарг, хӀунда аьлча иза зийначул тӀаьхьа, ял санна, хедар доцучу дахаран таж лур ду цунна Ша везачарна иза лур ду аьллачу Везачу Эло.
Explore Якъуба 1:12
7
Якъуба 1:17
Муьлхха а дика а, кхачаме а совгӀат лакхара, стигалан серлонаш кхоьллинчу Дегара догӀу. Иза, уьду мархаш санна, хийцалуш вац.
Explore Якъуба 1:17
8
Якъуба 1:23-24
ХӀунда аьлча, Делан даше ла а дугӀуш, иза кхочуш ца деш волу стаг шен билггал йолчу юьхье куьзгана чу хьоьжучух тера ву. Шега а хьаьжна, иза юьстахволу, ткъа цу сохьта шен юьхьсибат цунна дицло.
Explore Якъуба 1:23-24
9
Якъуба 1:27
Да волчу Далла хьалха цӀена а, бехдалаза а суьпалла иштта ду: байшна а, бисина Ӏачу зударшна а гӀо дар а, дуьнен чохь долчу вочуьнга ша бех ца вайтар а.
Explore Якъуба 1:27
10
Якъуба 1:13-14
Ша зуьйш волчу хенахь стага ма баха: «Дала со зуьйш ву». Вочу хӀуманца Дела зелур вац, ткъа Цо Ша цхьа а ца зоь. Амма хӀора а шен харц лаамаша зуьйш ву, цара иза, Ӏеха а вой, дӀалоцу.
Explore Якъуба 1:13-14
11
Якъуба 1:9
Таро йоцу динан ваша синан лакхарчу хьолах воккхавеван веза
Explore Якъуба 1:9