1
Доладалар 46:3
Делан Йозанаш
CHE
Дала элира: «Со Дела ву, хьан ден Дела. Кхера а ца кхоьруш, Мисар-махка гӀо, цигахь Ас хьох доккха халкъ схьадолуьйтур ду.
Compare
Explore Доладалар 46:3
2
Доладалар 46:4
Со хьоьца Мисар-махка дӀа а вогӀур ву, цигара Ас хьо юха а валор ву. Хьан ши бӀаьрг Юсупа дӀакъовлур бу».
Explore Доладалар 46:4
3
Доладалар 46:29
Юсуп, шен гӀудалкх дӀа а йожийтина, ГӀашане шен дена Исраилна дуьхьал веара. Исраил ган ма-гинна, тӀеведда, иза мара а воьллина, вехха вилхира иза.
Explore Доладалар 46:29
4
Доладалар 46:30
Исраила элира Юсупе: «ХӀинца-м вала а хала дацара, хӀунда аьлча сайн бӀаьргашца хьо дийна хилар гина суна».
Explore Доладалар 46:30