1
Доладалар 45:5
Делан Йозанаш
CHE
Амма дохий а ма хьийза, шайна оьгӀаз а ма эха шаьш со Мисар-махка вохкарна. Адамаш кӀелхьардахархьама, шул хьалха со кхачийтира Дала кхуза.
Compare
Explore Доладалар 45:5
2
Доладалар 45:8
Аша ца ваийтина со кхуза, Дала ваийтина. Цо сох пирӀунан да вина, цуьнан цӀийна тӀехь эла а, берриг а Мисар-махка тӀехь куьйгалхо а вина.
Explore Доладалар 45:8
3
Доладалар 45:7
Амма Дала ваийтина со шул хьалха, кху лаьтта тӀехь шун тӀаьхье хилийта а, шун дахар инзаре кӀелхьардаккха а.
Explore Доладалар 45:7
4
Доладалар 45:4
ТӀаккха Юсупа элира: «Суна тӀедуьйлийша». Уьш тӀебаьхкича, цо элира: «Со аша Мисар-махка воьхкина шун ваша Юсуп ву!
Explore Доладалар 45:4
5
Доладалар 45:6
Ши шо ду кху махкахь мацалла йолу, кхин пхеа шарахь а хир дац ялта дуьйш а, дерзош а.
Explore Доладалар 45:6
6
Доладалар 45:3
Юсупа элира шен вежаршка: «Со Юсуп ву! Дийна вуй сан да?» Амма инзарбевлла а, кхерабелла а болчу вежаршка дуьхьал жоп ца далалора.
Explore Доладалар 45:3