Арадаккхар 7:11-12
Арадаккхар 7:11-12 CHE
ТӀаккха пирӀуно шен хьекъал долу нах а, бозбунчаш а схьакхайкхира. Цара, жиналла а лелийна, АхӀарона диннарг дира. Царах хӀорамма а шен Ӏаса охьакхоьссича, царах лаьхьарчий хилира. Амма АхӀаронан Ӏасано дӀакхаьллира церан Ӏасанаш.





