1
Арадаккхар 4:11-12
Делан Йозанаш
CHE
Везачу Эло элира: «Стагана мотт белларг мила ву? Мотт ца хууш я къора, я са гуш, я бӀаьрзе веш верг мила ву? Со – Веза Эла вац? ДӀагӀо, Со хьоьца хир ву ахь къамел дечу хенахь, Ас Ӏамор ду хьуна ала дезарг».
Compare
Explore Арадаккхар 4:11-12
2
Арадаккхар 4:10
ТӀаккха Мусас элира Везачу Эле: «Веза Эла! Со дашна говза вац, гуттар а иштта хилла а ву. ХӀинца Хьоьца къамел динчул тӀаьхьа а дешан говзалла яц соьгахь. Со маттана шера вац».
Explore Арадаккхар 4:10
3
Арадаккхар 4:14
Веза Эла Мусана оьгӀазвахара, Цо элира: «Левин тӀаьхьенах а волуш, АхӀарон цӀе йолуш ваша вац хьан? Суна хаьа иза къамел далуш вуйла. Иза хьуна дуьхьал вогӀур ву, хьо гича, цунна хазахетар ду.
Explore Арадаккхар 4:14