1
Арадаккхар 5:1
Делан Йозанаш
CHE
Цул тӀаьхьа Мусас а, АхӀарона а, пирӀунна тӀе а веана, элира: «Везачу Эло, Исраилан Дала, боху: „ДӀахеца Сан халкъ яьссачу арахь Сан дуьхьа деза де хӀотто“».
Compare
Explore Арадаккхар 5:1
2
Арадаккхар 5:23
ПирӀунна тӀе а вахана, ас Хьан цӀарах къамел дичхьана, цо кхин а чӀогӀа ницкъ бо кху халкъана. КӀелхьара-м муххане а ца даьккхи Ахь Хьайн халкъ».
Explore Арадаккхар 5:23
3
Арадаккхар 5:22
Юха Везачу Эле Мусас элира: «Веза Эла! Сел халачу бале хӀара халкъ хӀунда теси Ахь? Со кхуза хӀунда ваийти?
Explore Арадаккхар 5:22
4
Арадаккхар 5:2
Амма пирӀуно элира: «Мила ву И Веза Эла, ас, Цуьнга ла а доьгӀна, Исраилан халкъ дӀахеца? Суна Веза Эла а ца вевза, исраилхой ас дӀа а хоьцур бац».
Explore Арадаккхар 5:2
5
Арадаккхар 5:8-9
Хьалха санна кибарчигаш яйта цаьрга. Уьш дукха мало еш бу, цундела доьху соьга: „Дахана, тхайн Далла сагӀа доккхур дара оха“, – бохуш. Алссам болх ло царна, эрна къамелаш схьа а ца лоьцуш, цаьрга болх байта».
Explore Арадаккхар 5:8-9