Везачу Эло элира: «Мисарахь Сайн халкъо хьоьгу бала гина Суна, тӀехӀиттиначара ницкъ барна цуьнан узарш хезна. Суна хаьа Сайн халкъан лазам. ТӀевахана, иза мисархойн Ӏазапах кӀелхьара а даьккхина, цу махкара арадоккхур ду Ас. Дикачу а, боккхачу а, шуьрех а, мазах а дуьзначу токхечу, канаӀанхойн а, хьетахойн а, эмархойн а, перезахойн а, хьаьвихойн а, явсайхойн а махка дӀадуьгур ду Ас Сайн халкъ.