Сан хьоменаш, шуна тамашийна ма хета шайн луьра зер лан дезар, дага ма даийта, шайца цхьа тамашийна хӀума хуьлу аьлла. Мелхо а, даккхийде шаьш Дала леррина Къобалвинчун баланашкахь дакъа лацарна. Цуьнан сийлалла гойтучу дийнахь шу даккхийдеш а, самукъадаьлла а хир ду.