1
1 Кипин 5:7
Делан Йозанаш
CHE
Берриг а шайн гӀайгӀанаш Цунна тӀе яхка, Иза шун бала болуш ву!
Compare
Explore 1 Кипин 5:7
2
1 Кипин 5:10
Массо а диканиг Шеца долчу Дала кхайкхина шуьга Дала леррина къобалвинчу Ӏийсаца цхьаьна Шен хедар доцу сийлалла декъа. КӀеззиг йолчу хенахь баланаш аш лайча, Цо шу нийсачу новкъа дохур ду, шуна чӀагӀо а, ницкъ а, довр доцу доьналла а лур ду.
Explore 1 Кипин 5:10
3
1 Кипин 5:8-9
Собаре а, сема а хила! Шун мостагӀа, иблис, ду, гӀигӀ ден лом санна, цхьаъ дӀакхалла гӀерташ даьлла лелаш. Цунна дуьхьало е, Делах шайн тешар чӀагӀде. Хаалаш, дерриг а дуьнен чохь шун вежарий, шу санна, баланаш ловш бу.
Explore 1 Кипин 5:8-9
4
1 Кипин 5:6
Цундела Делан нуьцкъалчу куьйга кӀел дуьйла, Цо Шен хенахь ойур ду шу.
Explore 1 Кипин 5:6
5
1 Кипин 5:5
Ткъа шу, кегийнаш, тхьамданийн лаамехь хила. Вовшашна муьтӀахь а долуш де гӀуллакх, хӀунда аьлча: «Дела курачарна дуьхьал ву, амма ша кӀезиг хеташ Ӏаш болчарна Шен дика ло Цо».
Explore 1 Кипин 5:5