Иштта, шу цхьа барт болуш, вовшийн лоруш а, вежарий а, йижарий а безаш а, къинхетам болуш а, шаьш лахара хоьтуьйтуш а хила деза. Вонна дуьхьал вон ма даккха, сийсазварна дуьхьал сийсазвар, мелхо а декъалве шайна вон болх бинарг. ХӀунда аьлча шу цу балхана кхайкхина ду, ткъа шуна Делера декъалдар хир ду.