Римхошка 12
12
Далла гӀуллакх деш долу дахар
1Аса цундела доьху шуьга, динан вежарий, дийна а, деза а, Далла тамехь долу а сагӀанаш санна, шайн догӀмаш Далла дӀало. Далла деш долу и тайпа гӀуллакхаш товш ду шуьгахь. 2ХӀокху дуьненан ойланашца ма лелалаш, амма шайн хьекъал, метта а даладайтина, Деле карладаккхийта. ТӀаккха бевзар бу шуна шайх лаьцна болу Делан лаам. Шуна хуур ду Далла хьалха диканиг а, Далла тамехь дерг а хӀун ду а, Делан кхачаме лаам муха бу а.
3Аса шух хӀорранга а боху, сайна Дала деллачу дикане хьаьжжина: шайх лаьцна хила езачул лекха ойланаш ма хилийталаш, амма, шайна хӀоранна а Дала деллачу тешаре хьаьжжина, оьзда ойла елаш. 4#1 Коринтхошка 12:12. Вайн дегӀ цхьаъ делахь а, цуьнан дуккха а меженаш ю. И меженаш цхьатерра гӀуллакхаш кхочушдеш яц. 5Иштта вай а, ваьш дукха делахь а, Дала леррина Къобалвинчуьнца а долуш, цхьа дегӀ ду, ткъа вайх хӀора а цу дегӀан вовшахтоьхна меже ю. 6#1 Коринтхошка 12:4-11. Вайна хӀоранна а, Дала шена деллачу дикане хьаьжжина, похӀма делла. Делера болу хаамаш баран похӀма хьайна деллехь, иза дӀакхехьа, хьайн долчу тешаре хьаьжжина. 7Дала хьуна кхечарна гӀуллакх даран похӀма деллехь, и гӀуллакх дӀакхехьа. Цо хьуна динан хьехамча хилар деллехь, хьеха. 8Уллорачун догъэца похӀма хьан делахь – догъэца. Хьайн йолчу хӀуманийн кхечаьрца дакъа дан похӀма хьан делахь, уьш комаьрша дӀасаекъа. Куьйгалла дан похӀма хьан делахь, доггах куьйгалла де. Къинхетам баран похӀма хьан делахь, иза а хазахетарца де.
9Шун безам даггара хуьлийла. Вониг ма дезалаш, ткъа диканиг ларделаш. 10Вежаршка санна хуьлучу безамца вовшийн дезалаш, вовшийн алсам ларалаш. 11Мало а ца еш, дукха болх белаш. Даим доьналла а долуш, Далла гӀуллакх делаш. 12Хазахетарца сатийсалаш. Халонаш собарца ловш хилалаш. Даим а доӀанаш делаш. 13Делан нехан эшамехь дакъалоцуш хилалаш, хьеший доггах тӀеэцалаш.
14 #
Маттай 5:44; Лака 6:28. Шайга баланаш хьоьгуьйтурш декъалбелаш. Декъалбелаш, сардамаш ма дехалаш. 15Самукъане болчаьрца самукъане хилалаш, боьлхуш болчаьрца делхалаш. 16#Кицанаш 3:7. Вовшашца бертахь Ӏелаш. Шайх лаьцна лакхара ойланаш а ца еш, мискачаьрца а тӀекаре хилалаш. Шайн кхетамах лаьцна кура ойланаш ма елаш.
17Цхьанна а зуламна дуьхьал зулам ма делаш, мелхо а, массо а адамна хьалха оьзда дерг лело гӀерталаш. 18Шайн ма-хуьллу, массо а адамца бертахь даха гӀерталаш. 19#Карлабаьккхинарг 32:35. Сан хьоменаш! Цкъа а бекхамаш бан ма гӀерталаш, ткъа иза Делан кара дӀалолаш. Яздина ма ду: «„Бекхам Соьгахь бу, Ас хьакъ дерг дӀалур ду“, – боху Везачу Эло». 20#Кицанаш 25:21, 22 (Грекийн). Мелхо а Делан Йозанашкахь иштта яздина ду: «Хьан мостагӀа меца велахь, иза вузаве. Хьогах иза велахь – хи ло цунна. Иштта дерг дарца цуьнан коьрта тӀе догуш долу кӀегий гулдо ахьа». 21Воне хьо эша ма вайта, ткъа диканиг дарца вонна тӀехь толам баккха.
Currently Selected:
Римхошка 12: CHE
Highlight
Copy
Compare
Share
Want to have your highlights saved across all your devices? Sign up or sign in
© Институт перевода Библии, 2012