YouVersion Logo
Search Icon

Маттай 5

5
Ламанан басе тӀера кхайкхам бар
1Цхьана дийнахь Ӏийсана уллохь дукха адам гулделлера. Иза, ламанан басе хьалаваьлла, охьахиира. Ӏийсана тӀе гулбелира Цуьнан мурдаш. 2ТӀаккха Ӏийса царна хьехам бан волавелира:
Декъалбинарш
(Лака 6:20-23)
3«Декъалбина бу миска са долуш болу нах – уьш, Стигалийн Олалла тӀе а лаьцна, Далла уллохь бу.
4 # ЕшаӀ-ЯхӀу 61:2. Декъалбина бу боьлхуш берш – церан дог оьцур ду.
5 # Забур 36:11. Декъалбина бу эсала амал ерш – дерриг а дуьне церан хир ду.
6 # ЕшаӀ-ЯхӀу 55:1, 2. Декъалбина бу бакъоне кхача хьагбелларш – Дала церан лаам кхочушбийр бу.
7Декъалбина бу къинхетаме берш – царах а бийр бу къинхетам.
8 # Забур 23:3, 4. Декъалбина бу цӀена дог дерш – царна Дела гур ву.
9Декъалбина бу нахана юкъахь машаре гӀуллакх лелорш – царна, Делан бераш ду аьлла, цӀе туьллур ю.
10 # 1 Кипин 3:14. Декъалбина бу, бакъонна тӀаьхьахӀиттина аьлла, таӀзаре озийнарш – уьш, Стигалийн Олалла тӀе а лаьцна, Далла уллохь бу».
Сийсаздарна дуьхьало яр
(Марк 9:50; Лака 14:34, 35)
11 # 1 Кипин 4:14. «Декъалдина ду шу, наха сийсаза дохуш, тӀаьхьа а бевлла, харц хабарш а дуьйцуш, Со бахьана долуш бехкедеш лелаш делахь. 12#2 Шерашкахь 36:16; Векалийн 7:52. Хазахетарца даккхийделаш! ХӀунда аьлча стигалшкахь йоккха ял хир ю шуна. Иштта хьийзийна пайхамарш а, шул хьалха хилла болу».
13 # Марк 9:50; Лака 14:34, 35. «Шу Лаьттан туьха ду. Нагахь санна туьхан чам дӀабаьлча, иза муха дурдийр ду? Иза, нахе когашца хьеша а хьешийтина, дӀакхоссан бен, цхьанна а хӀуманна пайденна дац.
14 # Яхьъя 8:12; 9:5. Шу дуьненан серло ю. Ламанан буьххьехь лаьтташ йолу гӀала къайлаяккха йиш яц. 15#Марк 4:21; Лака 8:16; 11:33. Иштта латийна йолчу стогарна тӀехула кхаба ца хӀоттайо – иза лаккхахь дӀахӀоттабо, цуьнга чохь мел волчунна а серло ялийта. 16#1 Кипин 2:12. Нахана шуьгара серло гойла, шун дика гӀуллакхаш гайтархьама а, адамашка Далла хастам байтархьама а».
Товрат-хьехамах лаьцна
17«Ма мотталаш, Со товрат тӀера хьехамаш я пайхамарша яздинарш дӀадаха веана. Со и хьехамаш дӀабаха веана вац, ткъа уьш кхочушбан веана ву. 18#Лака 16:17. Аса чӀагӀо йо шуна: стигаллий, латтий дозуш а долуш, товрат-хьехамашна юккъера цхьа элп я цхьа сиз а дӀадоккхур дац, цу тӀехь аьлларг кхочушхиллалц. 19Товрат-хьехам тӀера кӀеззиг долу хӀума а талха а дина, нахе а изза де бохуш верг Стигалийн Олаллехь лаххара мах болуш хир ву. Ткъа шена тӀедиллина долу парз кхочуш а деш, иза нахе дӀа а кховдош хилча, иза лакхара лорур ву. 20Аса боху шуьга: нагахь санна шун Делан лаамехь хилар парушхойн а, Ӏелам нехан а чул лакхара ца хилахь, Стигалийн Олалла тӀелаца а, Далла уллохь хила а шун йиш хир яц».
ОьгӀазлонах лаьцна
21 # Арадаккхар 20:13; Карлабаьккхинарг 5:17. «Шуна ма-хаъара, вайн дайшка аьлла хилла: „Адам ма де. ХӀора стаг вийна волу зуламхо кхелахочо жоьпе озор ву“. 22Ткъа Аса боху шуьга: шена уллорачунна оьгӀазвахана волу хӀора стаг кхелахочо жоьпе озор ву. Стага шен вешина а „Ӏовдал!“ аьллехь, цунна коьртачу кхеташоно таӀзар дийр ду. Шена уллохь волчуьнга: „Яьсса хӀума!“ – аьлла, вистхилларг, жоьжахатин цӀера хьалха а хӀоттийна, жоьпе озор ву. 23Цундела хьуо Далла сагӀа даккха воьдучу хенахь цхьаъ хьайна реза воцуш хилар хьайна дага дагӀахь, 24и совгӀат сагӀа доккхучу кхерчана йисте охьа а диллий, цу стагаца куьйге ваха хьажа. Цигара юхавирзинчул тӀаьхьа дийр ду ахьа Далла гӀуллакх.
25Хьо кхелахочуьнга дӀавала кечвеллачуьнца, шаьш цига дӀакхачале, катоххий барт бан хьажа, куьйге а гӀо. Ахьа иза ца дахь, хьан довхочо хьо кхелахочуьнга дӀалур ву, ткъа цо гӀаролхочуьнга а велла, набахти чу кхуссуьйтур ву. 26Билггала боху хьоьга: цигара хьо аравер вац, тӀаьххьарчу шайнна тӀекхаччалц, дерриг а хьайн декхар дӀаделла а бен».
Майра зудчунна тешаме хиларх лаьцна
27 # Арадаккхар 20:14; Карлабаьккхинарг 5:18. «Шуна хезний: „Нахаца ма лела“, – аьлла хилар? 28Ткъа Аса боху шуьга: нехан зудчуьнга ямарта ойланца дӀахьаьжначо шен даг чохь зуда-майрачун юкъаметтиган тешаме хилар дӀадаьккхина. 29#Маттай 18:9; Марк 9:47. Нагахь санна хьан аьтту бӀаьрг къинош летош белахь, иза схьа а баккхий, дӀакхосса. Хьайн дегӀан цхьана меженах ва̄лар гӀоле ду хьуна, жоьжахатин цӀергахь вагавойтучул. 30#Маттай 18:8; Марк 9:43. Хьайн аьтту куьг къилахь долчунна тӀегӀерташ делахь, и куьг дӀа а даккхий, дӀакхосса. Хьайн дегӀан цхьана меженах ва̄лар гӀоле ду хьуна, жоьжахатин цӀергахь вагавойтучул».
ДӀасакъастарх лаьцна
31 # Карлабаьккхинарг 24:1-4; Маттай 19:7; Марк 10:4. «Аьлла ду: „Шен зудчуьнца дӀасакъаьсташ волчо цунна йозанца тоьшалла дала деза“. 32#Маттай 19:9; Марк 10:11, 12; Лака 16:18; 1 Коринтхошка 7:10, 11. Ткъа Аса боху шуьга: зуда тешаме ца хиларца доьзна доцучу дӀасакъастаро, зуда нийса боцучу некъа тӀе тоьтту. И санна йолу зуда ялочо ямартло йо».
Дуй баарх лаьцна
33 # Ӏамалъяр 19:12; Лелар 30:3; Карлабаьккхинарг 23:21. «Вайн дайшкара дуьйна аьлла ду: „Айхьа Везачу Элана биина болу дуй ма къарбе, иза кхочушбан хьажа“. 34#Якъуба 5:12; ЕшаӀ-ЯхӀу 66:1; Маттай 23:22. Ткъа Аса боху шуьга: цкъа а дуй ма баа. Стигалех а ма е чӀагӀо – иза стигалийн Паччахьан шахьар ю. 35#ЕшаӀ-ЯхӀу 66:1; Забур 47:3. Лаьттах а ма е чӀагӀо – Латта а Делан Олаллехь ду. Ярушалаймах лаьцна а ма баа дуй – иза веза воккхачу Паччахьан гӀала ю. 36Шайн коьртах лаций а ма е чӀагӀо, хӀунда аьлча коьртара цхьа чо я кӀайбан а, я Ӏаржбан а шун ницкъ кхочур бац. 37Шаьш, „хӀаъ“ аьлла, чӀагӀо яхь, иза „хӀаъ“ хилийта. „ХӀан-хӀа“ шайн ала дезахь, цу тӀехь латта. Цу шина дашал сов даьлларг – иблисан лаам бу шуна».
Бекхам барх лаьцна
38 # Арадаккхар 21:24; Ӏамалъяр 24:20; Карлабаьккхинарг 19:21. «Шуна хезна ду хьалха аьлла хилларг: „Хьайн бӀаьрг баккхахь, – цунна дуьхьал бӀаьрг баккха, цергана дуьхьал церг яккха“. 39Аса-м шуьга боху: хьайна зулам динчунна дуьхьал ма вала. Хьайна аьтту бесни тӀе тӀара тоьхнехь, аьрру агӀор йолу бесни а зуламхочунна тӀеерзае. 40Кхелехь хьуна тӀера коч а къевсина, хьайца девне ваьллачунна, мел еза елахь а, важа бедар а дӀало. 41Хьайна ницкъ а беш, хьайга эзар гӀулч яккхийта гӀортахь, ши эзар гӀулч а йоккхуш, дӀагӀо. 42Хьайга хӀума йиэха веанчун дехар кхочуш а де, хьайга юхалург еха веанчунна букъ а ма берзабе».
МостагӀчуьнга болчу безамах лаьцна
43«Шуна хезна хьалха аьлла хилларг: „Хьайн уллораниг веза, мостагӀчуьнца гома а хила“. 44Ткъа Аса боху шуьга: шайн мостагӀий беза, хьайна зулам деш берш Деле беха – 45шайн стигалахь волчу Ден бераш шу хилийта. Цо цхьа а ца къаставо шуна: Цо малх массарна а къоьгуьйту – дикачунна а, вочунна а. ДогӀа а Цо цхьатерра доуьйту Шен лаамехь болчарна а, боцучарна а. 46Шуна шайца дика берш бен безаш ца хилча, цунах хӀун пайда хир бу? Иза санна йолу юкъаметтиг-м ял йоккхучара а лелайо шуна. 47Шайн вежаршка бен аша салам луш ца хилча, цунах тамаш бан меттиг яц шуна. И санна йолу юкъаметтиг дин доцучу наха а лелайо шуна. 48#Ӏамалъяр 19:2; Карлабаьккхинарг 18:13. Цундела, шайн стигалахь волу Да санна, дуьззина цӀена хила».

Currently Selected:

Маттай 5: CHE

Highlight

Share

Copy

None

Want to have your highlights saved across all your devices? Sign up or sign in