YouVersion Logo
Search Icon

Маттай 3

3
Яхьъяс кхайкхам бо
(Марк 1:1-8; Лака 3:1-18; Яхьъя 1:19-28)
1Цхьа зама тӀекхаьчча, Яхьъя ЯхӀуд-махкарчу яьссачу аренгахула кхайкхам беш волавелира.
2 # Маттай 4:17; Марк 1:15. «Стигалийн Олалла генахь дац шуна! Дохко а довлий, Далла тӀедерза!» – бохура Цо.
3 # ЕшаӀ-ЯхӀу 40:3 (Грекийн). Яхьъях лаьцна ЕшаӀ-ЯхӀу-пайхамаро аьлла:
«Яьссачу аренгахь кхойкхучун аз хезаш ду:
Везачу Элана некъ кечбе!
Нисде Цунна хьалха некъан тачанаш!»
4 # Сулим 1:8. Цу хенахь Яхьъяс эмкалан тӀаргӀанах йина бедарш а лелайора, гӀодаюккъе шуьйра тӀаьрсиган доьхка а доьхкура. Юучу хӀуманах цо билгалдаьккхинарг цӀоз а, акха моз а дара. 5Дукха адам догӀура цунна тӀе: Ярушалаймера а, ЯхӀуд-махкара а, Йордан-хи йистехь дехаш долу адамаш а. 6Шайх даьллачу къиношна Далла хьалха дохко а бовлий, Йордан-хи чохь шаьш хих чекхдохуьйтура наха Яхьъяга.
7 # Маттай 12:34; 23:33. Шена тӀеоьхуш дуккха а садукъой а, парушхой а гича, Яхьъяс элира:
«Шу лаьхьанан кӀорнел а чӀогӀа зуламе адамаш ма ду! Хьан бина шуьга, тӀедогӀучу къематан дийнах кӀелхьардовла деза аьлла, хаам? 8Шу Далла тӀедирзина делахь, шайн дахарехь иза гайта. 9#Яхьъя 8:33. „Тхан да ИбрахӀим ву“, – аьлча, шаьш кӀелхьардевр ду ма мотталаш. Делан таро ю оцу Ӏохкучу тӀулгех а ИбрахӀимна тӀаьхье ян. 10#Маттай 7:19. Орамашна тӀехула диг хьалаайина ду: шена тӀе пайден болу стом латош доцу хӀора дитт, хада а дой, цӀера юккъе кхуссу. 11Шу Далла тӀедирзина дела, Ас хих чекхдоху шу, амма сол тӀаьхьа ван везарг сол нуьцкъала ву. Со Цунна мачаш кхехьа а хьакъ вац. Цо шу Делан Синах а дузур ду, цӀарца а дахчор ду. 12Цуьнан карахь кӀа ору баьхьа бу. Цо хьаьттахь кӀа цӀандийр ду. КӀа цӀа чу схьагулдийр ду, ткъа кегаш цкъа а дӀайовр йоцучу цӀера юкъахь ягор ю Цо».
Ӏийса хих чекхваккхар
(Марк 1:9-11; Лака 3:21, 22)
13Галилай-махкара Йордан-хи тӀе веара Ӏийса, Ша Яхьъяга хих чекхваккхийта. 14Иза сацо гӀоьртира Яхьъя:
«Со-суо ву Хьоьга хих чекхваккхийта везаш верг. Ткъа Хьо-Хьуо ма веана суна тӀе?»
15Ӏийсас цуьнга элира: «Тахана шадерг а иштта хила дезаш ду. Берриг а Делан лаам вай кхочушбан беза».
Яхьъя Цо бохучунна резахилира.
16Ӏийсас Ша цуьнга хих чекхваккхийтира. Иза хи чуьра араволлушехь, Дала стигалш дӀасаеллаялийтира. Ӏийсана хьалха кхокханан суьртехь лакхара охьадогӀуш долу Делан Са дӀахӀоьттира. Иза нийсса Цунна тӀе охьадеара. 17#Доладалар 22:2; Забур 2:7; ЕшаӀ-ЯхӀу 42:1; Маттай 12:18; 17:5; Марк 1:11; Лака 9:35. Стигалара схьахезаш долчу озо элира:
«Иза ву Сан хьоме КӀант! Цуьнца бу Сан лаам!»

Currently Selected:

Маттай 3: CHE

Highlight

Share

Copy

None

Want to have your highlights saved across all your devices? Sign up or sign in