YouVersion Logo
Search Icon

Ӏамалъяр 24

24
Къуьданах лаьцна тӀедиллинарг
(Арадаккхар 27:20, 21)
1Везачу Эло Мусага элира: 2«Исраилхошна тӀедилла, даго тоьлла цӀена зайтдаьтта да алий, стогар массо а хенахь богуш хилийта. 3Бартбаран тӀорказна дуьхьалъоьллинчу кирхьанан арарчу агӀор гуламан четарна чохь АхӀарона стогар Везачу Элана хьалха латийна латто беза, сарахь дуьйна Ӏуьйре тӀекхаччалц. Шун тӀаьхьенашна гуттаренна а тӀедуьллуш ду иза. 4ЦӀеначу деших бинчу стогарна тӀехь болу къуьданаш Ӏалашбийр бу цо, Везачу Элана хьалха иза гуттар а латийна латтор а бу».
Дезачу баьпках лаьцна тӀедиллинарг
5 # Арадаккхар 25:30. «КӀен дама схьа а эций, цунах шийтта бепиг датта, хӀора баьпкана цхьа сахь дама хьакхаде. 6Везачу Элана хьалха гонах цӀена деши лаьцначу стоьла тӀе шина могӀарехь, ялх-ялх а дуьллуш, охьадахка и баьпкаш. 7ХӀора могӀарехь хаза хьожа йогӀу сегӀаз а охьадилла, баьпкан метта Везачу Элана лерина цӀера тӀехь доккхучу сагӀина хир ду иза. Дерриг а бепиг Везачу Элана сагӀина дӀаделла хиларан билгало хир ю иза. 8ХӀора шоьтан дийнахь исраилхойн метта динан дас Везачу Элана хьалха дахка деза и баьпкаш. Иза гуттаренна а болу барт бу. 9#Маттай 12:4; Марк 2:26; Лака 6:4. АхӀаронан а, цуьнан кӀентийн а хир ду и баьпкаш. Езачу меттехь дуур ду цара уьш, хӀунда аьлча Везачу Элана леринчу цӀера тӀехь даьхначу сагӀанех деза сагӀа ду иза царна делла долу. Иза гуттаренна а тӀедиллина хӀума ду».
Дела емалварна таӀзар дар
10Исраилхойн зудчо мисархочунна вина цхьа кӀант исраилхошна тӀевеара. Церан меттамотт болчохь цхьана исраилхочуьнца дов даьккхира цо. 11Везачу Элана лен а, Цуьнан цӀе емалъян а волавелира и кӀант, тӀаккха исраилхоша Мусана тӀе валийра иза. (Оцу кӀентан ненан цӀе яра Шаламат – иза данхо волчу Дибиран йоӀ яра.) 12Царна Везачу Элан лаам хаийтталц, наха дӀалецира иза.
13Везачу Эло Мусага элира: 14«Далла луьйш хилла волу стаг меттаматтал арахьа ваккха. Цо дийцинарг хезначара цуьнан коьрта тӀе куьйгаш дахка, массо а халкъо цунна тӀулгаш кхисса. 15ДӀаала исраилхошка: „Шен Далла луьйш верг бехке а хир ву, ткъа цо жоп дала а деза. 16Везачу Элан цӀе емалъеш верг вен веза. Дерриг а халкъо цунна тӀе тӀулгаш кхисса деза. ТӀевеана стаг я махкахо Везачу Элан цӀе емалъеш велахь, иза вен веза.
17 # Арадаккхар 21:12. Нагахь цхьаммо стаг вехь, иза вен веза. 18Цхьаммо нехан бежана дехь, цо иза дӀатакха деза: дахарна дуьхьал – дахар.
19Нагахь цхьаммо шен уллорачун дегӀан меже лазийнехь, цо диннарг цунна а дан деза: 20#Арадаккхар 21:23-25; Карлабаьккхинарг 19:21; Маттай 5:38. меже кагйинехь, цуьнан а кагъян еза, бӀаьргана дуьхьал бӀаьрг баккха беза, цергана дуьхьал церг яккха еза. Цо кхечу стеган дегӀа тӀехь дина зен цунна а дан деза. 21Цхьаммо бежана дехь, цо иза дӀатакха деза. Цхьаммо стаг вехь, иза вен веза. 22#Лелар 15:16. Цу гӀуллакхашна тӀедиллинарг цхьаъ хир ду шуна тӀевеанчунна а, махкахочунна а, хӀунда аьлча Со шун Веза Дела ву“».
23Мусас дӀадийцира иза исраилхошка. Дела емалвеш хиллачу стагана, меттаматтал ара а ваьккхина, тӀулгаш кхиссира цара. Везачу Эло Мусана тӀе-ма-диллара, дерриг а кхочушдира исраилхоша.

Currently Selected:

Ӏамалъяр 24: CHE

Highlight

Copy

Compare

Share

None

Want to have your highlights saved across all your devices? Sign up or sign in

Video for Ӏамалъяр 24