Доладалар 47
47
1ПирӀунна тӀе а вахана, Юсупа элира: «Сан да а, вежарий а шайн даьхница а, бахамца а, КанаӀан-махкара схьа а баьхкина, ГӀашанехь бу хӀинца». 2Вежарех, хаьржина, пхи стаг валийнера цо пирӀунна тӀе.
3ПирӀуно хаьттира цаьрга: «Шун хӀун корматалла ю?»
Вежарша жоп делира: «Тхайн дай санна, Ӏуй ду тхо». 4Кхин а элира цара: «Кхуза даха даьхкина тхо, хӀунда аьлча КанаӀан-махкахь луьра мацалла ю, даьхни дажо меттиг яц тхан. Доьху хьоьга ГӀашанехь тхуна даха охьаховша бакъо ялар».
5ПирӀуно элира Юсупе: «Хьо волчу да а, вежарий а баьхкина. 6Мисар-махкара латта хьуна хьалха ду. Оцу лаьттан тоьллачу меттехь охьаховшабе хьайн гергара нах. Шайна лаахь, ГӀашанехь Ӏан а мегар ду царна. Къаьсттина говзанаш царна юкъахь белахь, сан даьхни Ӏалашдан дӀахӀиттабе уьш».
7Шен да Якъуб, вала а вина, пирӀунна хьалха хӀоттийра Юсупа. Якъуба пирӀун декъалвира. 8ПирӀуно хаьттира цуьнга: «Хьан маса шо ду?»
9Якъуба жоп делира: «Со дуьнен чохь лела бӀе ткъе итт шо ду. КӀезиг а, къаьхьа а хилла сан дахаран шераш, сан дай дуьнен чохь леллачу хене дӀа ца нисвелла со». 10ПирӀун декъал а вина, дӀавахара Якъуб.
11Да а, вежарий а Мисарахь баха ховшийра Юсупа, царна РаӀамсас олучу гӀалина уллохь тоьлла латта а делла, пирӀуно шена тӀе-ма-диллара. 12Шен ден а, вежарийн а хӀусамашкара берашка хьаьжжина, массарна а юучуьнца кхачо йира Юсупа. 13Цул тӀаьхьа чӀогӀа мацалла хӀоьттира. Мисар а, КанаӀан-мохк а мацалло гӀелбина бара. 14Шегара кӀа оьцуш гулделла Мисарахь а, КанаӀан-махкахь а мел долу ахча вовшахтуьйхира Юсупа. ПирӀунан цӀахь латтадора цо иза. 15Мисарахь а, КанаӀан-махкахь а ахча кхачийча, берриг а Мисар-махкарчу наха, Юсупна тӀе а баьхкина, элира: «Тхуна бепиг лохьа, ма далийтахь тхо хьайн бӀаьргашна хьалха. Тхан ахча кхачийна».
16Юсупа элира: «Шайн ахча кхачийнехь, даьхни схьадаладе, ас цунна дуьхьал ялта лур ду шуна». 17Цара Юсуп волчу даьхни схьадалийра. Говрашна а, уьстагӀашна а, гезаршна а, стерчашна а, хьелашна а, варрашна а дуьхьал цо цу нахана ялта делира. Цу шарахь царна ялта латтийра Юсупа дерриг а церан даьхнина дуьхьал.
18Шо чекхдаьлча, цунна тӀе а баьхкина, элира цара: «Оха лечкъор дац тхайн элах: тхан ахча а кхачийна, тхан даьхни а хьан дола даьлла, тхайн догӀмашший, латтий бен хӀумма а ца дисна тхоьгахь. 19Хьан бӀаьргашна хьалха тхо а, тхан латта а хӀаллак хӀунда хуьлу? Ялтина дуьхьал дӀаэцахьа тхо. Тхайн лаьттаца пирӀунан лоллехь хила реза ду тхо. Латта даьсса ца хилийта а, тхо хенара довлийта а дӀаден хӀу лохьа тхуна».
20Иштта Мисарахь долу дерриг а латта ийцира Юсупа пирӀунна. ХӀора мисархочо шен латта доьхкира, хӀунда аьлча мацаллина дан хӀума дацара церан. Латта пирӀунан дола делира. 21Ткъа нахах Мисаран цхьана маьӀӀера вукху маьӀӀе кхаччалц Юсупа леш бира. 22Динан дайшкара латта ца ийцира цо, хӀунда аьлча массо а хенахь пирӀуно дакъа а кхочуьйтуш, Ӏаш бара уьш. Цундела цара шайн латта ца доьхкира. 23Юсупа элира нахе: «ХӀинца ас шу а, шун латта а пирӀунна эцна. ХӀара хӀу ду шуна латта дӀаден. 24Шайн ялта кхиъча, цунах пхоьалгӀа дакъа пирӀунна дӀалур ду аша, ткъа диснарг дӀаден а, шуна а, шун берашна а, шун цӀахь болчарна а даа хир ду».
25Наха элира: «Ахьа тхо кӀелхьардехи. ПирӀунан леш хир ду тхо, хьо тхайна резаван лаьара тхуна». 26Иштта лаьттах долу Ӏедал хӀоттийра Юсупа. Иза тахана а Мисарахь дӀалелаш ду: лаьттах схьадаьллачух дерригенах а пхоьалгӀа дакъа пирӀунна дӀалуш, динан дайн долахь доцург, важа латта пирӀунан долахь а долуш.
Якъубан весет
27Исраилхой ГӀашан олучу меттехь Ӏаш бара. Церан дола дуккха а хӀума а делира, уьш тӀеттӀа дебаш а бара. 28Якъуб Мисарахь вуьрхӀитта шарахь Ӏийра, цуьнан бӀе шовзткъе ворхӀ шо дара. 29#Доладалар 49:29-32; 50:6. Ша лечу хенахь, шен кӀанте Юсупе схьа а кхайкхина, цо элира: «Хьо суна реза велахь, сан кога кӀел куьг а диллий#47:29 Кога кӀел куьг а диллий – цу гӀиллакхехь ша дийр ду аьлларг дан дезара., дош ло суна, хьо соьца дика а, суна тешаме а хир ву алий. Со Мисар-махкахь дӀа ма воллалахь. 30Со сайн дайх дӀакхетча, Мисарара дӀа а хьой, уьш боьхккинчу дӀаволлалахь».
Юсупа элира: «Ахь ма-бохху дийр ду ас».
31«Дуй баал», – элира дас. Юсупа дуй биира. Маьнги йистехь волу Исраил Далла хьалха охьатаьӀира#47:31 Грекийн гочдар тӀехь: Исраила, Ӏасанна тӀе а таьӀаш, Далла Ӏамал йора..
Currently Selected:
Доладалар 47: CHE
Highlight
Copy
Compare
Share
Want to have your highlights saved across all your devices? Sign up or sign in
© Институт перевода Библии, 2012