YouVersion Logo
Search Icon

Арадаккхар 24

24
Везачу Элаца бина барт чӀагӀбар
1Везачу Эло Мусага элира: «Хьо а, АхӀарон а, Надаб а, АбихӀу а, къанойх кхузткъе итт стаг а, Со волчу хьала а довлий, геннара Суна хьалха охьатаӀа. 2Хьо-хьо Суна улло вола, ткъа вуьш гергахьа ма бахкийта. Халкъ хьайца лам тӀе хьала ма даладе».
3Халкъана тӀе а веана, Везачу Элан коьрта дешнаш а, Цо тӀедиллинарг а довзийтира Мусас. Массара а, цхьаммо санна, элира: «Везачу Эло аьлларг дерриг а оха кхочушдийр ду». 4Везачу Эло аьлла дерриге а дешнаш Мусас дӀаяздира. ШолгӀачу Ӏуьйранна, хьалххе хьала а гӀаьттина, лома кӀелахь сагӀа даккха меттиг кечйира цо, исраилхойн шийтта тайпанан цӀарах цхьацца тӀулг а биллира. 5Юха Мусас исраилхойн кегий нах бахкийтира сагӀа даккха. Цара дийнаташ дагоран сагӀанаш дохура. ТӀаккха, стерчий а дайина, барт баран сагӀанаш а дохура. 6Мусас дийнатех даьлла ах цӀий кедаш чу доьттира, ткъа вукхуьнца сагӀа даккха меттиг тӀадийра. 7Шаьш Везачу Элаца бина барт тӀеязбина тептар, схьа а эцна, дийшира Мусас. Наха элира: «Везачу Эло аьлларг дерриг а деш, Цунна муьтӀахь хир ду тхо».
8 # Маттай 26:28; Марк 14:24; Лака 22:20; 1 Коринтхошка 11:25; Ӏебархошка 10:29; Ӏебархошка 9:19, 20. Кедаш чуьра цӀий нахана тӀе хьаьрсира Мусас. «ХӀара Везачу Эло шуьца, дерриг а Шен дешнашка хьаьжжина, бинчу бертан цӀий ду», – элира цо.
9Юха Муса а, АхӀарон а, Надаб а, АбихӀу а, исраилхойх кхузткъе итт къано а лам тӀе велира. 10Царна исраилхойн Дела гира. Цуьнан когаш кӀелахь дезачу тӀулгийн экъа яра, стигал санна, цӀена а йолуш. 11Цо исраилхошна юкъара хаьржинчу нахана зен ца дира. Нахана Дела а гира, цара хӀума а йиира, мала а мелира цигахь.
Муса Синай-лам тӀехь
12Юха Везачу Эло Мусага элира: «Со волчу лам тӀе хьала а валий, кхузахь саца. Айса нахана хьеха кечдина парзаш тӀехь долу тӀулган экъанаш лур ю Ас хьоьга». 13Шен гӀоьнча ЮшаӀ а эцна, Делан лам тӀе хьалаволавелира Муса. 14Къаношка цо элира: «Тхойша вухаваллалц кхузахь Ӏе. АхӀарон а, Хьор а шуьца хир ву, шен къасто дезаш гӀуллакх дерг царна тӀе гӀо».
15Муса хьалаваьлча, лам мархо дӀахьулбира. 16Везачу Элан олаллин нур Синай-лам тӀе охьадоьссира. Ялх дийнахь лам тӀехь марха лаьттира, ворхӀалгӀачу дийнахь Веза Эла Мусага кхайкхира мархи юкъара. 17Исраилхошна гуш дара ламанан боххьехь, цӀе санна, догу Везачу Элан олаллин нур. 18#Карлабаьккхинарг 9:9. Муса, мархи юккъе а ваьлла, кхин а лакха хьалавелира лам тӀехула. Шовзткъа дийнахь а, буса а Ӏийра иза лам тӀехь.

Currently Selected:

Арадаккхар 24: CHE

Highlight

Copy

Compare

Share

None

Want to have your highlights saved across all your devices? Sign up or sign in