1
Доладалар 50:20
Делан Йозанаш
CHE
Шуна дагадеара суна зулам дан, амма Дала цунах дика болх хилийтира, хӀинца тахана долуш дерг кхочушхилийта: дукха адамаш лечуьра кӀелхьардахар.
Compare
Explore Доладалар 50:20
2
Доладалар 50:19
Юсупа жоп делира: «Кхера ма кхера. Со Дела ма вац.
Explore Доладалар 50:19
3
Доладалар 50:21
Цундела ма кхера: ас шу а, шун бераш а кхобур ду». Уьш тебеш, цаьрца эсала къамел дира цо.
Explore Доладалар 50:21
4
Доладалар 50:17
„Шайн веше Юсупе дӀаала: ‘Ас доьху хьоьга вежаршна цара латийначу къинна гечдар’. Оха а доьху хьоьга, Юсуп, хьайна бинчу вочу балхана гечдехьа хьайн ден Делан лешна“». Шега даийтинчу хабаре ладугӀуш волу Юсуп вилхира.
Explore Доладалар 50:17
5
Доладалар 50:24
Юсупа элира вежаршка: «Со леш ву, амма Дала шуна гӀо дийр ду. Кху лаьтта тӀера Ша ИбрахӀимна а, Исхьакхана а, Якъубана а чӀагӀонца деллачу лаьтта тӀе шу дӀадуьгур ду Цо».
Explore Доладалар 50:24
6
Доладалар 50:25
Исраилан кӀенташка чӀагӀо а яйтина, Юсупа элира: «Дала шуна билггал гӀо дийр ду, тӀаккха аша сан даьӀахкаш кхузара дӀаяхьа еза».
Explore Доладалар 50:25
7
Доладалар 50:26
Иштта бӀе итт шо долуш Юсуп кхелхира. Ца талхийта молханаш а тоьхна, кеч а дина, Мисар-махкахь тӀорказ чу диллира цуьнан дакъа.
Explore Доладалар 50:26