Юха, цаьргахула Юсуп декъал а веш, цо элира:
«Шена кӀелахь сан дай ИбрахӀим а, Исхьакх а лелла Дела,
таханлера де кхаччалц дерриг а сан дахарехь со Шена тӀаьхьа хӀоттийна лелла волу Дела,
муьлххачу а вочух со ларвина Малик, декъалдехьа хӀара бераш.
Кхаьргахь дӀахьойла сан а, сан дайн ИбрахӀиман а, Исхьакхан а цӀераш.
Деба а дебна, даккхий халкъаш схьадовлийла кхарах дуьнен чохь».