1
Арадаккхар 15:26
Делан Йозанаш
CHE
Везачу Эло элира: «Нагахь аша Везачу Эле, шайн Деле, ладогӀахь, Цуьнан лаам аша кхочушбахь, Цо тӀедехкина парзаш аш кхочушдахь, Мисар-махкана тӀе яхкийтинчу цамгарех шуна тӀе цхьа а йоуьйтур яц Ас, хӀунда аьлча Со Веза Эла ву шун дарбанча».
Compare
Explore Арадаккхар 15:26
2
Арадаккхар 15:2
Веза Эла сан ницкъ бу, Цуьнан дуьхьа ас назма олу, Цунах суна КӀелхьарвоккхург хилла дела. Иза сан Дела ву, Цунна хастам бо ас. Сан ден а Дела ву Иза, цундела ас лору Иза.
Explore Арадаккхар 15:2
3
Арадаккхар 15:11
Веза Эла, Хьоьга кхочуш мила ву деланашна юкъахь? Хьо санна Шен возаллица а, хастам хилла а, инзаре хӀуманаш кхуллург а мила ву?
Explore Арадаккхар 15:11
4
Арадаккхар 15:13
Хьайн хедар боцучу безамца Ахьа мах белла кӀелхьардаьккхина халкъ, онда гӀо лоцуш, езачу Хьайн хӀусаме дигна хир ду Ахь.
Explore Арадаккхар 15:13
5
Арадаккхар 15:23-25
Эххар а Марра цӀе йолчу метте баьхкира уьш. Цигахь царна карийна хи къаьхьа долуш мала ца лора. Цундела тиллинера цу меттиган цӀе Марра (ткъа иза «къахьалла» бохург ду). Нах Мусана реза бацара: «Оха хӀун мер ю?» – бохура цара. Муса Везачу Эле кхайкхира. Везачу Эло шена гайтинчу диттан га хи чу кхоьссира цо. ТӀаккха хи малалуш хилира. Цу меттехь, Шех тешар зен а зийна, Шен халкъо лело дезарг цунна тӀедиллира Дала.
Explore Арадаккхар 15:23-25