1
Арадаккхар 14:14
Делан Йозанаш
CHE
Везачу Эло шун дуьхьа тӀом бийр бу, шун хӀумма а дан ца деза».
Compare
Explore Арадаккхар 14:14
2
Арадаккхар 14:13
Амма Мусас халкъе элира: «Кхера а ца кхоьруш, дӀахӀиттий латта, Везачу Эло тахана шаьш кӀелхьардахар гур ду шуна. ХӀинца гуш болу мисархой кхин цкъа а гур бац шуна.
Explore Арадаккхар 14:13
3
Арадаккхар 14:16
Ткъа ахь хьайн некъан Ӏаса хӀорда тӀехула дӀалаца. ХӀорд бекъа а белла, исраилхой цунна бухахь долчу лаьтта тӀехула чекхбевр бу.
Explore Арадаккхар 14:16
4
Арадаккхар 14:31
Везачу Эло мисархой эшийча, хиира исраилхошна Цуьнгахь мел ницкъ бу, цундела Везачу Элах а, Цуьнан ялхочух Мусах а кхера а белла, цу шиннах тийшира уьш.
Explore Арадаккхар 14:31