Лелар 34
34
Везачу Эло лур бу аьллачу мехкан дозанаш
1Везачу Эло Мусага элира: 2«Исраилхошка, тӀе а дуьллуш, иштта дӀаала: „КанаӀан-махка шу дахча, цигахь шуна кхочун долчу лаьттан дозанаш хӀорш ду: 3къилбехьа агӀор долу шун доза дӀадолалур ду Цин-яьссачу арара Эдомна юххехула. Шун къилбехьара долу доза Дуьрачу хӀордан къилбехьарчу меттера малхбалехьа дӀагӀур ду. 4Иза, къилбехьа а дирзина, Акхрабайм-Ӏинна тӀе а кхаьчна, Цин-яьссачу аренгахула чекхдер ду. Цигара и доза, къилбехьарачу Кхадеш-БарнаьӀа цӀе йолчу метте а кхаьчна, Хьацар-Адар-гӀала а деана, Ӏацмун-гӀалахула чекхдер ду. 5Ӏацмунера иза дӀагӀур ду Мисар-мехкан дозанехь долчу хи тӀе, цигара Дуьненаюккъера хӀорда тӀе а кхочуш.
6Малхбузера дозанехь хир бу Боккха хӀорд. Иза шун малхбузехьара доза хир ду.
7Къилбаседехьа долу шун доза дӀагӀур ду Боккхачу хӀорда тӀера ХӀор-ломана тӀе кхаччалц. 8ХӀор-лома тӀера иза Хьамат-Ӏине кхачийта, Цедад-гӀалина тӀе а кхачош. 9Цигара Зипрун-гӀалина тӀекхаччалц дӀагӀур ду и доза, Хьацар-Ӏейнан-гӀалина тӀе а кхочуш. Иштта хир ду къилбаседехьа долу шун доза.
10Малхбузехь долу шайн доза чекхдаккха Хьацар-Ӏейнан-гӀалина тӀера Шипам-гӀалина тӀекхаччалц. 11Шипам-гӀалина тӀера, Ӏейн-гӀалина малхбалехь йолчу Рабила-гӀалина тӀекхочур ду и доза. Цигара дӀа иза Канарот-Ӏоман малхбалерчу бердашкахула чекхдер ду. 12Цул тӀаьхьа иза Йордан-хинехула дӀагӀур ду Дуьрачу хӀордана тӀекхаччалц.
Массо а агӀор иштта дозанаш а долуш, шун мохк хир бу цунах“».
13 #
Лелар 26:52-56. #
ЮшаӀ 14:1-5. Исраилан халкъана тӀе а дуьллуш, Мусас элира: «Аша, кхаж а тесна, доккхун долу латта хир ду иза. Везачу Эло исс тайпанна а, Маннашан тӀаьхьенах долчу ахтайпанна а лур ду аьлла иза, 14хӀунда аьлча Раабанан тайпанан а, Гадин тайпанан а, Маннашан ахтайпанан а доьзалша шайна догӀуш долу лаьттан дакъош дӀаэцна. 15Оцу шина тайпанна а, ахтайпанна а делла долу лаьттан дакъош малхбалехь Йордан-хил дехьа лаьттачу Ерихон-гӀалина дуьхьал агӀор ду».
Латта декъа дӀахӀиттийна куьйгалхой
16Везачу Эло Мусага элира: 17«Шуна латта декъа дӀахӀиттийначу нехан цӀераш хӀорш ю: динан да ЭлиӀазар а, Нунин кӀант ЮшаӀ а. 18ХӀора тайпанах цхьацца куьйгалхо схьакъаставе царна гӀо дан латта декъийта. 19Церан цӀераш хӀорш ю:
ЯхӀудан тайпанна иза Епунин кӀант Килаб хир ву;
20ШимӀин тайпанна – ӀамихӀудан кӀант Шамуал;
21Бен-Яманан тайпанна – Кислунан кӀант Эли-Дада;
22Данан тайпанна – ЙогӀлин кӀант волу эла Букхай;
23Юсупан кӀентан Маннашан тайпанна – Ийпадан кӀант Хьаниал;
24Юсупан кӀентан Эпрайман тайпанна – Шиптанан кӀант волу эла Къамуал;
25Забулан тайпанна – Парнакан кӀант Эли-Цапан;
26Иссарханан тайпанна – Ӏазанан кӀант волу эла Палтиал;
27Ашаран тайпанна – Шалумин кӀант АхьъяхӀуд;
28Напталан тайпанна – ӀамихӀудан кӀант волу эла ПидӀаил».
29КанаӀан-махкара царна кхочуш долу лаьттан дакъош исраилхошна декъа Везачу Эло дӀахӀиттийна берш бу уьш.
Currently Selected:
Лелар 34: CHE
Highlight
Copy
Compare
Share
Want to have your highlights saved across all your devices? Sign up or sign in
© Институт перевода Библии, 2012

: