Маттай 6:16-18
Маттай 6:16-18 CHE
«Шаьш марха кхобучу деношкахь, шалхалла йолу нах санна, олла а делла, дастам девлла ма лела, хӀунда аьлча уьш шаьш марха кхобийла нахана дӀагайта гӀерташ лела. Аса ма-аллара, царна йогӀуш йолу ял дӀакхаьчна шуна. Айхьа марха кхобучу хенахь хьайн юьхь а йилий, хила ма-веззара лела, нахана хьуо марха кхобуш вуйла а ца гойтуш. Хьан Дена иза хууш ду хьуна, Иза хьуна гуш вацахь а. Шадерг а гуш волчу хьан Дас хьуна йогӀу ял дӀалур ю».





