Ӏамалъяр 20
20
ЛацадогӀарна таӀзар дар
1Везачу Эло Мусага элира: 2«ДӀаала исраилхошка: „Исраилхойх я цаьрца тӀевеана Ӏаш волчух цхьаммо шен бераш Мулка-далла дӀалахь, и стаг вен веза. Дерриг а халкъо цунна тӀулгаш кхисса деза. 3Ас, Сайн оьгӀазло цунна дуьхьал а яссийна, шен халкъана юкъара дӀаэккхор ву и стаг, хӀунда аьлча цо, шен бераш Мулкана дӀа а луш, Сан цӀа бех а дина, Сан сийлахь цӀе сийсаз а йина. 4Нагахь санна оцу стага шен берех цхьаъ Мулкана дӀаваларх халкъана юкъара массара а шайн бӀаьргаш дӀахьаббинехь, цара иза ца вийнехь, 5Ас-Айса Сайн оьгӀазло яссор ю цунна а, цуьнан гергарчарна а, Суна цатешаме а долуш, цуьнца цхьаьна Мулкана Ӏибадат деш болчарна массарна а дуьхьал. Аса уьш шайн халкъана юкъара лохкур бу.
6Суна тешаме а боцуш, беллачийн синош тӀедоьхуш волчунна а, жинашца тайначунна а тӀеоьхуш болчарна дуьхьал Ас сайн оьгӀазло яссор ю, уьш шайн халкъана юкъара дӀа а эккхор бу. 7Шаьш Далла лерина а хилийта, цӀена а хила, хӀунда аьлча Со, шун Веза Дела, цӀена ву. 8Сан парзаш лар а де, кхочуш а де, хӀунда аьлча Со шу даздеш волу Веза Эла ву.
9 # Арадаккхар 21:17; Маттай 15:4; Марк 7:10. Шен дена я нанна неӀалт аьлларг вен веза. Иза шен дена я нанна луьйш вара, цундела шен цӀий шена тӀехь ду цунна.
10 # Арадаккхар 20:14; Ӏамалъяр 18:20; Карлабаьккхинарг 5:18. Шен уллорачун зудчуьнца цхьаъ лелахь, хьарам лелла стаг а, зуда а ден деза. 11#Ӏамалъяр 18:8; Карлабаьккхинарг 22:30; 27:20. Шен ден зудчуьнца цхьаъ дӀавижча, цо шен да сийсазво. И стаг а, цуьнца лелла зуда а ден деза, церан цӀий царна тӀехь ду. 12#Ӏамалъяр 18:15. Нагахь цхьаъ шен несаца дӀавижахь, и ший а дуьйр ду, хӀунда аьлча дегаза гӀуллакх ду цара динарг. Церан цӀий царна тӀехь ду. 13#Ӏамалъяр 18:22. Нагахь цхьаъ стагаца, зудчуьнца санна, дӀавижахь, цара динарг дегаза гӀуллакх ду. И шиъ вен веза, церан цӀий царна тӀехь ду. 14#Ӏамалъяр 18:17; Карлабаьккхинарг 27:23. Хьарам хӀума ду зуда а, цуьнан нана а ялор. И стаг а, ший зуда а цӀергахь даго деза. И санна боьха гӀуллакх шайна юкъахь ма хилийта! 15#Арадаккхар 22:19; Ӏамалъяр 18:23; Карлабаьккхинарг 27:21. Дийнатаца цхьаъ дӀавижахь, иза ве, дийнат а де. 16Нагахь зуда дийнатца дӀайижахь, иза а е, дийнат а де. Уьш дайа деза, ткъа церан цӀий царна тӀехь ду.
17 #
Ӏамалъяр 18:9; Карлабаьккхинарг 27:22. Нагахь цхьаъ шен дена йинчу я нанас йинчу йишица дӀавижахь, цо динарг хьарам гӀуллакх ду. Шайн халкъана хьалха къомана юкъара дӀаэккхо деза и стаг а, зуда а. Шен йишица дӀавижарна, и стаг бехке а ву, цо жоп дала а деза. 18#Ӏамалъяр 18:19. Зударийн цамгар хуьлучу деношкахь стаг зудчуьнца дӀавижахь, цуьнан цӀий дӀаэхар гучудаьккхина цо. И шиъ шайн халкъана юкъара эккхо деза.
19 #
Ӏамалъяр 18:12-14. Ненан йишица а, ден йишица а дӀа ма вижа, хӀунда аьлча и дарца ахьа хьайн гергарчеран сий дойу. Стаг а, зуда а бехке хир ду, цара жоп дала дезар ду. 20Нагахь стаг шен ден вешин зудчуьнца дӀавижахь, цо шен ден ваша сийсазвина. Стаг а, зуда а бехке хир ду, цара жоп дала деза, ткъа делла дӀадаллалц бераш хир дац церан. 21#Ӏамалъяр 18:16. Нагахь цхьаъ шен вешин зудчуьнца дӀавижахь, цо динарг боьха гӀуллакх ду. Шен ваша сийсазвина цо. Бехке долу стаг а, зуда а бераш доцуш хир ду.
22Дерриг а Сан парзаш лар а де, Ас тӀе мел диллинарг кхочуш а де, Ас шу даха тӀедуьгучу лаьтто шу дӀа ма Ӏеттадойла. 23Ас шу долчуьра дӀаэккхочу къаьмнийн гӀиллакхаш тӀе ма эца. Цу наха и массо а боьха гӀуллакхаш леладора, цундела Суна чӀогӀа ца бийзира уьш. 24Ас шуьга элира: ‘Аша церан латта схьадоккхур ду. Шуьраца а, мазаца а дуьзна долу и латта шун дола дӀалур ду Аса’. Дерриг а кхечу халкъех шу дӀакъастийна волу шун Веза Дела ву Со. 25Хьанал даьхни хьарамчух а, хьанал олхазарш хьарамчарах а дӀакъасто деза аша. Ас хьарам ду аьлла даьхни а, олхазарш а, лаьтта тӀехула текхаш ерш а яий, шаьш бех ма де. 26Суна хьалха цӀена хила, хӀунда аьлча Со, Веза Эла, цӀена ву. Ас кхечу халкъех дӀакъастийна шу, Сайн хилийтархьама.
27Нагахь стага я зудчо беллачийн синош тӀедоьхуш я пал туьйсуш хилахь, уьш байа беза. Царна тӀулгаш кхисса деза, церан цӀий царна тӀехь ду“».
Currently Selected:
Ӏамалъяр 20: CHE
Highlight
Copy
Compare
Share
Want to have your highlights saved across all your devices? Sign up or sign in
© Институт перевода Библии, 2012

: