Ӏамалъяр 18
18
Шен дахарехь цӀена лелар
1Везачу Эло Мусага элира: 2«ДӀаала исраилхошка: „Со шун Веза Дела ву. 3Шаьш хьалха Ӏийначу Мисар-махкахь хилларг а, хӀинца Ас шаьш дуьгучу КанаӀан-махкахь лелош дерг а ма леладелаш, церан ламасташ а тӀе ма эцалаш. 4Ас тӀедиллинарг кхочушде, Сан парзаш ларде. Со шун Веза Дела ву. 5#Нахьми-ЯхӀу 9:29; Яхьазкхиал 18:9; 20:11-13; Лака 10:28; Римхошка 10:5; Галатахошка 3:12. Сан парзаш а, Ас тӀедиллинарг а ларде. Уьш кхочушдийриг цаьрца вехар ву. Со Веза Эла ву.
6Цхьа а стаг шен гергарчу зудчуьнца дӀавижа мегар дац. Со Веза Эла ву. 7Хьайн да сийсаз ма ваккха, хьайн ненаца дӀа а вуьжуш. И зуда хьан нана ю, цуьнца дӀавижа мегар дац. 8#Ӏамалъяр 20:11; Карлабаьккхинарг 22:30; 27:20. Хьайн ден кхийолчу зудчуьнца а дӀа ма вижа. Иза хьайн деца дӀавижар санна ду. 9#Ӏамалъяр 20:17; Карлабаьккхинарг 27:22. Хьайн ден я ненан йоӀаца, хьайн йишица, дӀа ма вижа – иза хьайн цӀахь я кхечу меттехь йина елахь а. 10Хьайн кӀентан я йоӀан йоӀаца дӀа ма вижа. И дарца ахь-хьо сийсаз ма воккху. 11Хьан дестечо хьан дена йинчу йоӀаца дӀа ма вижа. Хьан йиша ма ю иза. 12#Ӏамалъяр 20:19, 20. Хьайн ден йишица дӀа ма вижа. Хьан деца цхьана цӀийх схьаяьлла ма ю иза. 13Хьайн ненан йишица дӀа ма вижа. Хьан ненаца цхьана цӀийх схьаяьлла ма ю иза. 14Хьайн ден ваша сийсаз ма ваккха, цуьнан зудчуьнца дӀа а вуьжуш. Иза хьан деца ма ю. 15#Ӏамалъяр 20:12. Хьайн несаца дӀа ма вижа. Иза хьан кӀентан зуда ма ю. 16#Ӏамалъяр 20:21. Хьайн вешин зудчуьнца дӀа ма вижа. Иза хьайн вешица дӀавижар санна ду. 17#Ӏамалъяр 20:14; Карлабаьккхинарг 27:23. Ненаца а, йоӀаца а дӀа ма вижа, ткъа иштта зудчуьнца а, цуьнан кӀентан я йоьӀан йоӀаца а ма вижа. Уьш цхьана цӀийх схьабевлла бу. Цаьрца дӀавижар дегаза ду. 18Бухахь йолчу зудчунна тӀе цуьнан йиша ма ялае, царах эмгарш хилийта. Хьайн зуда дийна а йолуш, цуьнан йишица дӀа ма вижа.
19 #
Ӏамалъяр 20:18. Хьайн зуда цӀена йоцучу деношкахь цуьнца дӀа ма вижа. 20#Ӏамалъяр 20:10. Хьайн уллорачун зудчуьнца дӀа ма вижа, хьо Далла хьалха боьха хир ву. 21#Ӏамалъяр 20:1-5. Мулка-далла сагӀа даккха хьайн бераш дӀа ма ло, хьайн Делан цӀе иштта сийсаз ма е. Со Веза Эла ву. 22#Ӏамалъяр 20:13. Зудчуьнца санна, стагаца дӀа ма вижа. Иза дегаза хӀума ду. 23#Арадаккхар 22:19; Ӏамалъяр 20:15, 16; Карлабаьккхинарг 27:21. Цхьана а дийнатца дӀа ма вижа, цу гӀуллакхо хьо Далла хьалха боьха хуьлуьйтур ву. Зуда а дийнатца дӀа ма йижа. Иза чӀогӀа маьттаза хӀума ду!
24Оцу гӀуллакхашца шаьш Далла хьалха боьха ма хилийталаш. Шу долчуьра Ас дӀалохкучу халкъаша цу хӀуманашца шаьш бехдина. 25Ур-атталла уьш тӀехь Ӏаш долу лаьтта а боьха хилира. Цуьнан къинош бахьана долуш Ас таӀзар до оцу лаьттана, цо шена тӀера и нах дӀаӀеттор бу. 26Ткъа аша Сан парзаш а, Ас тӀедиллинарг а ларде, исраилхочо а, шуна юкъахь тӀевеана Ӏаш волчо а и дегаза хӀуманаш ма леладе. 27(Шул хьалха оцу лаьтта тӀехь баьхначу наха лелийна и дегаза гӀуллакхаш, цара бехдина и латта.) 28Цара санна, аш и латта бехдахь, цо шена тӀера дӀаӀеттор ду шу, шул хьалха цигахь Ӏийна халкъаш санна. 29Нагахь цхьаммо и дегаза гӀуллакхаш леладахь, иза шен халкъана юкъара эккхор ву.
30Аса тӀедуьллург ларде: шайл хьалха хиллачара лелийначу дегазчу гӀиллакхех цхьа а кхочуш ма де, цаьрца шаьш бех ма де. Со шун Веза Дела ву“».
Currently Selected:
Ӏамалъяр 18: CHE
Highlight
Copy
Compare
Share
Want to have your highlights saved across all your devices? Sign up or sign in
© Институт перевода Библии, 2012

: