Якъуба 5
5
Хьалдолчарна дӀахьедар
1ЛадогӀалаш аша, хьалдолчара: делхалаш, тийжалаш, хӀунда аьлча бохамаш бу шуна тӀехӀуьттуш. 2#Маттай 6:19. Шун хьал, телхина, дӀадаьлла, шун духарш нецано диина. 3Шун деши а, дети а мекхадоьлла. Церан мекха шуна дуьхьал тоьшалла деш хир ю, цо, цӀаро санна, дагор ду шун дилха. Ткъа аша дуьненан тӀаьххьарчу деношкахь шайна хазна гулйина. 4#Карлабаьккхинарг 24:14, 15. Шун аренаш лелийначу белхалойн ял ю кхойкхуш, аша, дӀа ца луш, сацийна йолу. Ялта чудерзочеран тийжар массо а ницкъийн Везачу Элан лергашка кхаьчна ду. 5Шу, хьал а долуш, даьхна дуьнен тӀехь, зовкх а хьоьгуш. Шаьш дарстийна аша, сагӀа даккха кечдина бежанаш санна. 6Аша, кхел а йина, бехк боцурш байира. Цаьрга шуна дуьхьало ца яло.
Собар а, доӀа а
7Вежарий, собаре хилалаш, Веза Эла схьаваллалц. Латта лелош волчо безачу стоьме сатуьйсийла хаьий шуна? Иза собарца хьоьжу хьалхара а, тӀаьхьара а догӀа даре. 8Иштта шу а чӀогӀа собаре хилалаш, шайн дегнаш чӀагӀделаш, хӀунда аьлча Веза Эла вар гергакхочуш ду.
9Вовшашна аьрзнаш ма делаш, вежарий, шайна кхел ца яйтархьама, хӀунда аьлча Кхелахо неӀарехь лаьтташ ву. 10Баланаш а ловш, собаре хиларан масална Везачу Элан цӀарах дуьйцуш хилла болу пайхамарш схьаэца, сан вежарий. 11#Аюб 1:21, 22; 2:10; Забур 102:8. Собарца баланаш хьегнарш декъалбинарш лору вай. Шуна хезна Аюба лайначу халонех лаьцна. Ткъа Везачу Эло цунна эххар а динарг а хаьа шуна, хӀунда аьлча Веза Эла чӀогӀа къинхетаме а, стагах дог лозуш а ву.
12 #
Маттай 5:34-37. Уггар хьалха, сан вежарий, стигалх а, лаьттах а, я кхечу хӀуманах а чӀагӀонаш ма елаш, амма шун «хӀаъ» «хӀаъ» хила деза, «хӀан-хӀа» «хӀан-хӀа» хила деза, шу бехке ца хилийтархьама.
13Шух цхьаъ бала хьоьгуш велахь, цо доӀа дан деза, самукъадаьлла велахь, хастам баран йиш лакха еза. 14#Марк 6:13. Шух цхьаъ цомгуш велахь, цо Ӏийсах тешачийн тобанан куьйгалхой кхайкха беза. Цара доӀа дан деза цунна тӀехь, Везачу Элан дуьхьа цомгушчунна деза даьтта а хьокхуш. 15Тешаран доӀано цомгушниг товийр ву, Везачу Эло иза когаш тӀе хӀоттор ву. Нагахь цо къинош летийнехь, цунна гечдийр ду. 16Шайгара даьллачу къинойх лаьцна даре а деш, вовшех лаций доӀа де, шайна гӀоле хилийта: Делан лаамехь волчо динчу доӀано дуккха а дан тарло, цуьнгахула ницкъ баларна. 17#Сулим 17:1; 18:1. Эли-ЯхӀу вай санна стаг вара. Цо, догӀа ма даийта аьлла, чӀогӀа доӀа дича, кхаа шарахь а, ялх баттахь а лаьтта тӀе догӀа ца деара. 18#Сулим 18:42-45. Юха цо доӀа дича, стигалара догӀа а деара, лаьтто шен стом а белира.
19Вежарий, нагахь шух бакъдолчун новкъара ваьлларг цхьаммо нисвахь, 20#Кицанаш 10:12; 1 Кипин 4:8. цунна дӀахаийла, харц новкъара къа латийнарг нийсачу новкъа ваьккхинчо лечуьра са кӀелхьар а доккхур ду, дуккха а къинош дӀа а къовлур ду.
Currently Selected:
Якъуба 5: CHE
Highlight
Copy
Compare
Share
Want to have your highlights saved across all your devices? Sign up or sign in
© Институт перевода Библии, 2012

: