2 Кипин 2
2
Харцхьехамчаш
1Халкъана юкъахь харцпайхамарш ма-хиллара, шуна юкъахь а харцхьехамчаш хир бу. Шайн къинойх мах дӀабелла волу Хьалдолу Эла дӀа а тесна, стаг хӀаллакьхуьлуьйту харц хьехамаш чубахьар бу цара. Иза бахьана долуш шайн хӀаллакьхилар гергахьа узур ду цу наха. 2Дукхахберш, царах дӀа а тарбелла, телхар бу, уьш бахьана долуш бакъдолчун некъ емалбина хир бу. 3Шайн саьхьараллица шух пайда эца хьовсур бу уьш, мекара мотт а буьйцуш. Церан Кхелахо тоххара кийча а ву, уьш ХӀаллакьхуьлуьйтург наб еш а вац.
4ХӀунда аьлча къинош летийначу маликашна а геч ца дина Дала. Жоьжахатин бодашка хьовсийна Цо уьш, царна тӀехь кхел яллалц, уьш цигахь буржалш а тоьхна дита. 5#Доладалар 6:1–7:24. Хьалха заманахьлера Ӏеса адам хӀаллакдина Дала, тӀе хи а далийтина. Делахь а Далла хьалха нийса хиларх лаьцна болу хьехам бинчу Нохьин доьзалера бархӀ са кӀелхьардаьккхина Цо. 6#Доладалар 19:24. ХӀаллакьян кхел а йина, чим бина дӀаяьхна Цо Седам а, Ӏамор а цӀераш йолу гӀаланаш, Ӏесачу нахана хиндолчун масал гойтуш. 7#Доладалар 19:1-16. Боьха мел дерг лелочу харцахьарчу нахана юкъахь балехь ваьллина Делан лаамехь волу ЛутӀа кӀелхьарваьккхина Цо. 8(ХӀунда аьлча царна юкъахь Ӏийна и Делан лаамехь волу стаг хӀора дийнахь дагахь бала лаьтташ вара, цу наха лело боьха гӀуллакхаш ган а гуш, царах дерг хаза а хезаш.) 9Везачу Элана хаьа Шен лаамехь берш церан зенех кӀелхьарбаха а, ткъа Шен лаамехь боцурш царна кхел ен йолчу дийне хьовсийна, таӀзар а деш, латто а, 10къаьсттина шайн догӀмийн хьарамчу лаамашна тӀаьхьахӀиттинарш а, шайна тӀехь Деле олалла ца дойтурш а.
КӀоршаме а, шайн лаамехь а болу и харцхьехамчаш стигалан сийлаллин бахархошна лен ца кхоьру. 11Ткъа доьналлица а, ницкъаца а царал тоьлуш долчу маликаша Везачу Элана хьалха цу нахана вон дош ца олу. 12Шайн амалшка хьаьжжина бен ца лелачу луьрачу хьайбанех тера бу и нах. Шайна ца хуург емалдо цара. Схьалеца а, дайа а дуьнен тӀе даьхначу хьайбанех терра, уьш а хӀаллакьхир бу. 13Шаьш динчу зуламашна бекхам хир бу царна. Цу нахана моьтту там хилар – дийнан делккъехь долу даар-малар а, сакъерар а, телхина лелар а ду. Сий доцуш а, хӀума сийсаздоккхуш а болчу царна там хуьлу шайн харцонех, шаьш шуьца той дуучу хенахь. 14Хьайна хиларх а, къинойх а дуьзна ду церан бӀаьргаш. Сина кӀезиг нах талхабо цара. Церан дегнаш Ӏемина ду саьхьара гӀуллакхаш лело. НеӀалт хилла нах бу уьш. 15#Лелар 22:4-35. Нийса некъ дӀатесна, тилабелла болу уьш, харц кхоэ сатуьйсуш висинчу БеӀаран кӀентан БалиӀаман новкъа бевлла. 16Амма шен харцонна тӀехь бехке вина БалиӀам. Мотт ца хуучу виркхело, адамийн маттахь йист а хилла, сацийна цу пайхамаран хьекъалх тилар.
17Хи доцучу хьостанех а, мохо лаьхкина юьгучу марханех а тера бу харцхьехамчаш. Ӏаьржачу боданехь меттиг ю царна кечйина. 18Даздина, даьсса хабарш а дуьйцуш, тилабеллачу нахах хӀинцца дӀакъаьсташ берш дегӀана там лохучу а, телхина долчу а хӀуманашка марзбо цара. 19Цу нахана паргӀато яла ваӀда до харцхьехамчаша, талхаран леш шаьш доллушехь – стаг ша мел эшийначун лай ма ву. 20Нагахь цхьаболу нах вайн Веза Эла а, КӀелхьардохург а волу Дала леррина къобалвина Ӏийса вовзар бахьана долуш дуьненан айпечу хӀуманех къаьстинехь, ткъа цул тӀаьхьа уьш, юха а вочу хӀуманна тӀе а тевжина, цунна кӀел биснехь, шолгӀа галбевлча, хьалхачул а ледара хир ду церан хьал. 21Нийсонан некъ бевзина цахилар гӀолехь дара царна, иза а бевзина, Дала тӀедиллинарг дӀа а тесна, хьалхалерчунна тӀе юхабоьрзучул. 22#Кицанаш 26:11. Амма цаьрца хуьлуш дерг кицанехь ма-аллара ду:
«ЖӀаьла шен Ӏеттораш тӀе юхадогӀу»,
кхин а:
«ЦӀанйина хьакха хоттала йижа йоьду».
Currently Selected:
2 Кипин 2: CHE
Highlight
Copy
Compare
Share
Want to have your highlights saved across all your devices? Sign up or sign in
© Институт перевода Библии, 2012

: