1
Лелар 13:30
Делан Йозанаш
CHE
НегӀаб цӀе йолчу яьссачу арахь бехаш бу Ӏамалекхахой. Лаьмнашкахь бехаш бу хьетахой, явсайхой, эмархой, ткъа хӀордан йистехь а, Йордан-хин йистехь а бехаш бу канаӀанхой».
Compare
Explore Лелар 13:30
2
Лелар 13:33
Цара массаьрга а дуьйцура исраилхойн ницкъ кхочур бац, цу махкарчу халкъана дуьхьалбовла бохуш. «Тхо хьовсуш чекхдевлла латта шена тӀехь дехаш долу халкъ дӀакхоллуш долу латта ду. Цу махкахь тхуна гина долу дерриге а халкъ ду, дажалийн санна, даккхий догӀмаш долуш.
Explore Лелар 13:33
3
Лелар 13:31
Мусана гонах гулделла халкъ те а деш, Килаба элира: «Вай, даха а дахана, и латта ваьшна схьадоккхур ду, хӀунда аьлча иза вайга схьадаккхалур долуш ду».
Explore Лелар 13:31
4
Лелар 13:32
Ткъа цуьнца баханчара бохура: «Цу халкъана дуьхьалдовлалур дац вай, хӀунда аьлча иза вайл ницкъ болуш ду!»
Explore Лелар 13:32
5
Лелар 13:27
Юха а бирзина, Паран-яьссачу арахь йолчу Кхадеш йолчу меттехь Мусана а, АхӀаронна а, дерриге а Исраилан халкъана а тӀебаьхкира уьш. Цара шайна гинчух лаьцна жамӀ а дира, шаьш цу махкара схьабеана стоьмаш а гайтира.
Explore Лелар 13:27
6
Лелар 13:28
Шайна гинарг а дуьйцуш, цара элира: «Ахьа дӀахьажийначу лаьтта тӀе кхечира тхо. Иза билггал шуьрех а, мазах а дуьзна токхе латта ду, ткъа хӀорш бу цу махкара беана стоьмаш.
Explore Лелар 13:28
7
Лелар 13:29
Цу махкахь дехаш долу халкъ ницкъ болуш а ду, церан гӀаланаш чӀагӀйина а ю, дикка яккхий а ю. Тхуна-м Ӏаьнакхахой а гира цигахь.
Explore Лелар 13:29
8
Лелар 13:26
Уьш, и мохк а теллина, шовзткъа де дӀадаьлча, шайн меттамотт болчу юхабирзира.
Explore Лелар 13:26