1
Маттай 9:37-38
Делан Йозанаш
CHE
Цо Шен мурдашка олура: «Хьовсал, мел дукха адам кийча ду Делан Олалла тӀелаца. Уьш кхиъна доккха ялта санна бу, амма и ялта чудерзо белхалой кӀезиг бу. Ялта долчу Дега деха, иза чуэца кхин а белхалой бахкийта алий».
Compare
Explore Маттай 9:37-38
2
Маттай 9:13
Даха а гӀой, хьажа Делан Йозанашкахь яздинчуьнга: „Суна шун вовшашца къинхетамалла хилар деза ду, аша Сан дуьхьа дохучу сагӀанел“. Бакъахьара лелачаьрга кхайкхам бан ца веана Со, къинош летийначаьрга бен».
Explore Маттай 9:13
3
Маттай 9:36
Адамийн тоба Шена гуш, Цунна нахах къахетара. Уьш чӀогӀа гӀайгӀане а, дуьненах дог диллина, Ӏу воцу бажа санна, лелаш бара.
Explore Маттай 9:36
4
Маттай 9:12
Иза Шена хезча, Ӏийсас элира: «Могуш болчарна лор оьшуш вац, цомгуш болчарний бен.
Explore Маттай 9:12
5
Маттай 9:35
Ӏийса массо а гӀаланашкахула, ярташкахула чекхволура. Цо нехан гуламан цӀеношкахь Ӏамадора, Стигалийн Олаллех хаза кхаъ кхайкхабора, нах массо а цамгарех тобора.
Explore Маттай 9:35
Home
Bible
Plans
Videos