1
Маттай 7:7
Делан Йозанаш
CHE
«Деле диэха – Цо дехнарг лур ду шуна. Дела лаха – Иза карор ву шуна, неӀ тоха, иза дӀайоьллур ю шуна
Compare
Explore Маттай 7:7
2
Маттай 7:8
хӀунда аьлча хӀора доьхучунна жоп ло Дала, лохуш волчунна карадойту, неӀ тухучунна – схьайоьллуьйту.
Explore Маттай 7:8
3
Маттай 7:24
«Цундела Соьга ла а дугӀуш, Аса аьлларг деш верг шен шахьар буточу тархана тӀехь юттучу стагах тера ву.
Explore Маттай 7:24
4
Маттай 7:12
Цундела нахаца йолу юкъаметтиг уьш шайца схьа хила ма-лаъара лелае. Иза товрат тӀера бинчу хьехамашна а, пайхамаршна яздинчунна а тӀера схьадогӀуш ду».
Explore Маттай 7:12
5
Маттай 7:14
Дахарна тӀевоьдучохь долу ков готта ду, цу тӀе боьдуш болу некъ хала бу. КӀеззигчарна бен иза кара а ца бо.
Explore Маттай 7:14
6
Маттай 7:13
«Далла уллорачу дахаре боьду некъ готта бу шуна. Цундела готта ков а, некъ а лаха. Шуьйра ков а долуш, шуьйра некъ – иза стаг хӀаллакьхуьлу некъ бу. Дукха нах дӀабоьлху цу новкъахула.
Explore Маттай 7:13
7
Маттай 7:11
Шаьш мел къиза делахь а, шайн берашна оьшург аша луш хилча, стигалахь волчу шун Дас мел дукха дика болх бийр бу Шега доьхуш волчунна!
Explore Маттай 7:11
8
Маттай 7:1-2
«Цхьанна а кхел ма е, Дала шуна а кхел йийр яц. Аша нахана кхел ярх терра, шуна а кхел йийр ю. Аша нехан ма-хаддора, Дала шун а хадор бу мах.
Explore Маттай 7:1-2
9
Маттай 7:26
ХӀинца Аса бохучуьнга ладугӀуш воцург шен цӀийнан бух гӀамаршна тӀехь боьттинчух тера ву.
Explore Маттай 7:26
10
Маттай 7:3-4
Хьайна уллохь волчун бӀаьргара чамхалге хӀунда хьоьжу хьо, хьайн бӀаьргара хен а ца гуш? Хьоьга муха алалур ду хьайн веше: „Схьахьажал, аса бӀаьргара чамхалг дӀайоккху хьуна“, хьайн бӀаьргахь хен боллушехь?
Explore Маттай 7:3-4
11
Маттай 7:15-16
УьстагӀийн аматехь шайна дуьхьал хӀуьттуш болчу харц-пайхамарех ларлолаш. Кийрахь луьрачу берзан дог ду шуна церан. Уьш шайн стоьмаца бевзар бу шуна. Гулйой аша коканийн кулла тӀера кемсаш, я вирбаӀ тӀера комарш?
Explore Маттай 7:15-16
12
Маттай 7:17
Дикачу дитто дика стом ло, ткъа вуочу дитта тӀехь вон стом кхуьу.
Explore Маттай 7:17
13
Маттай 7:18
Дикачу дитта тӀехь вон стом кхиа а йиш яц, амма вуочу дитта тӀехь дика стом а ца хуьлу.
Explore Маттай 7:18
14
Маттай 7:19
ХӀора вон дитт, цу тӀехь дика стом кхуьуш бацахь, схьа а хададой, цӀера юккъехь дагадо.
Explore Маттай 7:19
Home
Bible
Plans
Videos