1
Маттай 13:23
Делан Йозанаш
CHE
Ткъа ялта хьийкъинчу лаьтта кхаьчна долу хӀу – шега бохуш долчух кхета а кхеташ, иза хезаш верг ву. Цо бӀозза, кхузткъазза, ткъе уьттазза дӀадийначул сов хӀу ло».
Compare
Explore Маттай 13:23
2
Маттай 13:22
Коканаш долчохь охьадоьжна долчу хӀуьнан маьӀна дича, дахаран гӀайгӀанаша а, хьолах Ӏехабаларо а и хезна дош диц а долуьйту, цуьнан дахарехь стом а ца ло бохург ду.
Explore Маттай 13:22
3
Маттай 13:19
Нагахь санна стагана Делан Олаллех лаьцна хаза а хезна, иза цунах ца кхеттехь, цунна иблис тӀедогӀу. Цо цу стеган даг чу дижинарг лачкъадо. ХӀара ду некъан йисте охьаэгна долчу хӀуьнан маьӀна.
Explore Маттай 13:19
4
Маттай 13:20-21
ТӀулгийн жагӀанна юккъе доьжна долчу хӀуьнан маьӀна, хӀора дашах а тешаш, иза цу сохьта хазахетарца тӀеоьцуш волу стаг ву. Амма шен хила ма-беззара орам боцу дела, иза кӀеззигчу ханна бен ца лаьтта. Дош бахьана долуш хало тӀехӀоьттича, иштта волу стаг сихха юьстах волу.
Explore Маттай 13:20-21
5
Маттай 13:44
«Стигалийн Олалла аренгахь дӀайоьллина йолу хазна санна ду. Стагана иза карийча, цо иза цкъа хьала а йоккхий, юха а дӀаюллу. Дукха гӀадваханчу цо, ваха а воьдий, шен берриг а бахам дӀа а бухкий, и аре схьаоьцу.
Explore Маттай 13:44
6
Маттай 13:8
Ткъа важа долу хӀу дика латта долчохь нисделла. Уьш дикка хьала а девлла, хьийкъина ялта делла цара, цхьацца долчара бӀе, кхузткъа, ткъе уьттазза дӀадийначул сов а луш.
Explore Маттай 13:8
7
Маттай 13:30
Уьш а, вуьш а цхьабосса хьаладовлийта. Ялта чудерзон хан тӀекхаьчначу хенахь маьрсхошна аса тӀедуьллур ду, цкъа хьалха буц схьа а яккхий, цӀевнаш а дай, и буц ягае, ткъа кӀа дӀадуьллу цӀа чохь схьагулде аьлла“».
Explore Маттай 13:30
Home
Bible
Plans
Videos