1
Ӏамалъяр 26:12
Делан Йозанаш
CHE
Шуна юкъахь лелаш, шун Дела хир ву Со, ткъа шу Сан халкъ хир ду.
Compare
Explore Ӏамалъяр 26:12
2
Ӏамалъяр 26:4
Ас шен хеннахь догӀанаш доуьйтур ду шуна, тӀаккха лаьтто ялта а, арарчу дитташа шайн стоьмаш а лур бу.
Explore Ӏамалъяр 26:4
3
Ӏамалъяр 26:3
Нагахь Сан парзашца шу лелахь, Сан весеташ, лар а деш, аш кхочушдахь
Explore Ӏамалъяр 26:3
4
Ӏамалъяр 26:6
Шун махкахь машар хӀоттор бу Ас. ПаргӀат дӀадуьйшур ду шу, цхьаммо а шуна новкъарло йийр яц. Къиза акхарой шун лаьтта тӀера дӀалохкур ю Ас, тӀом шун махкахь кхин могуьйтур бац.
Explore Ӏамалъяр 26:6
5
Ӏамалъяр 26:9
Шун терго йийр ю Ас, шу доьбуьйтур ду, дуккха а бераш а хуьлуьйтуш. Вай бинчу барта тӀехь Со чӀогӀа лаьттар ву.
Explore Ӏамалъяр 26:9
6
Ӏамалъяр 26:13
Шу, леш а хилла, ца дитархьама, Мисар-махкара арадаьхна волу шун Веза Дела ву Со. Шуна тӀехь хилла лоллин дукъ а кагдина, кхечу къаьмнашна муьтӀахь хиллачуьра Аса шу паргӀатдехира».
Explore Ӏамалъяр 26:13
7
Ӏамалъяр 26:11
Сайн Ӏаш йолу меттиг шуна юкъахь дӀахӀоттор ю Ас, шух дӀавоьрзур вац Со.
Explore Ӏамалъяр 26:11
8
Ӏамалъяр 26:1
«Шайна цӀуш ма бе, лалийна цӀуш а, харцделанашна хӀиттийна тӀулгаш а, тӀулгех хедийна цӀуш а ма хӀиттабе, царна Ӏибадат дархьама, хӀунда аьлча Со шун Веза Дела ву.
Explore Ӏамалъяр 26:1
9
Ӏамалъяр 26:10
Шарахь а сов даъал хир ду шун ялта, керла ялта чуэцча, шираниг дӀакхуссур ду аша.
Explore Ӏамалъяр 26:10
10
Ӏамалъяр 26:8
Шух пхеаммо бӀе эккхор ву, бӀеммо итт эзар лоллур ву, шун тарраша эгор бу и мостагӀий.
Explore Ӏамалъяр 26:8
11
Ӏамалъяр 26:5
Кемсаш схьайоху хан тӀекхаччалц шайн ялта орур ду аша, ткъа кемсаш ялта дӀаделлалц схьайохур ю аша. Дуззалц шайн бепиг а дууш, шайн махкахь паргӀат Ӏийр ду шу.
Explore Ӏамалъяр 26:5
12
Ӏамалъяр 26:7
Шайн мостагӀий лохкур бу аша, шун тарраша эгор бу уьш.
Explore Ӏамалъяр 26:7
13
Ӏамалъяр 26:2
Суна лерина шоьтан денош лар а де, Суна Ӏибадат до меттиг а лара: Со Веза Эла ву.
Explore Ӏамалъяр 26:2