1
Ӏамалъяр 19:18
Делан Йозанаш
CHE
Бекхам а ма бе, оьгӀазалла а ма латтае хьайн халкъах болчу нахе. Хьайн уллораниг хьо санна веза. Со Веза Эла ву.
Compare
Explore Ӏамалъяр 19:18
2
Ӏамалъяр 19:28
Белларш дагахь латто, шайн дилха а хедош, билгалонаш а ма е, шайн догӀмаш тӀехь йозанаш а ма де. Со ву Веза Эла.
Explore Ӏамалъяр 19:28
3
Ӏамалъяр 19:2
«ДӀаала массо а исраилхошка: „ЦӀена хила, хӀунда аьлча Со, шун Веза Дела, цӀена ву.
Explore Ӏамалъяр 19:2
4
Ӏамалъяр 19:17
Дага чохь хьайн веше хьагӀ йолуш ма хила, амма шегара даьллачух хьайн уллораниг кхетаве, хьо-хьуо бехке ца хилийтархьама.
Explore Ӏамалъяр 19:17
5
Ӏамалъяр 19:31
Беллачийн синош тӀедоьхучарна а, жинашца тайначарна а тӀе ма эха, цаьрга шаьш Далла хьалха боьха ца дайта. Со шун Веза Дела ву.
Explore Ӏамалъяр 19:31
6
Ӏамалъяр 19:16
Халкъана юкъахь мотт бетташ ма лела, хьайн уллорачун дахарна кхерам ма таса. Со Веза Эла ву.
Explore Ӏамалъяр 19:16