1
Доладалар 42:21
Делан Йозанаш
CHE
Вежарша элира вовшашка: «Дала билггал до вайна таӀзар вешина дуьхьал латийна къа бахьанехь. Вайна гора Юсуп холчохь хилар цо вайга дехар дечу хенахь, амма вай цуьнга ла ца дуьйгӀира. ХӀинца вайна бохам хилла».
Compare
Explore Доладалар 42:21
2
Доладалар 42:6
Мисар-махкахь куьйгалхо Юсуп вара. Махкахь дерриг а халкъана кӀа духкуш вара иза. ДӀакхаьчна вежарий, лаьтта охьакхаччалц Юсупна хьалха охьатаьӀира.
Explore Доладалар 42:6
3
Доладалар 42:7
Вежарий ма-гинна, уьш бевзира Юсупна, амма шена уьш ца бевзашха цаьрца буьрсо къамел дира цо. «Шу мичара даьхкина?» – хаьттира цо. «КанаӀан-махкара даьхкина тхо ялта эца», – аьлла, жоп делира цара.
Explore Доладалар 42:7