«Ас хаьржира ЯхӀудан тӀаьхьенах волчу Хьоран кӀентан Урин кӀант Бацалиал. Ас иза Делан Синах вуьзна. Муьлхха а хӀума ян похӀма а, говзалла а, хаар а Ас делла цунна: говзачу куьцан хьесап дан а, и куц деших а, детих а, цӀастанах а дан а, дезачу тӀулгах а, дечигах а хӀуманаш кечъян а, мел болу говза болх бан а.