Нахана Делан парзаш а, Цо тӀедехкинарш а Ӏамаде, цара дӀакхехьа безаш болу Делан некъ а бовзийта, цара дан дезаш долу гӀуллакхаш а довзийта. Амма халкъана юкъара хьуьнаре а, Делах кхоьруш а, нийсо лелор йолуш а, хьарамло ца езаш а болу нах харжа. Уьш эзарна а, бӀенна а, шовзткъе иттанна а, итт стагана а тӀехь куьйгалхой хӀиттабе.