Цу буса Мисарахула чекхвер ву Со. Доьзалехь хьалха дуьнен чу даьлларг дуьйр ду Ас, адамна тӀера хьайбанна тӀекхаччалц. Мисархойн массо а деланашна тӀехь кхел йийр ю Ас. Со Веза Эла ву. Шун цӀенош тӀехь долу цӀий Суна билгало хир ю. ЦӀий гича, Со шуна уллохула тӀехвер ву. Ас Мисар-махкана таӀзар дечу хенахь, шуна цхьа а зулам хир дац.