1
Векалийн 20:35
Делан Йозанаш
CHE
Сайн ницкъ ма-кхоччу, ас шуна гайтина, ас санна, аша а къахьегарца гӀийлачарна гӀо дан дезар. Дагахь латто деза Везачу Элан Ӏийсан дешнаш: „ХӀума дӀадаларехь ирс алсам ду схьаэцарехь чул“».
Compare
Explore Векалийн 20:35
2
Векалийн 20:24
Амма сайн дахар цхьана а меха ца хета суна, Везачу Элера Ӏийсагара схьаэцна гӀуллакх – нахана Делан боккхачу къинхетамах болу хаза кхаъ дӀакхачор – кхочушдарца сайн дахаран некъ чекхбаьлчхьана.
Explore Векалийн 20:24
3
Векалийн 20:28
Сема а, ларлуш а хила. Ӏуьно Ӏалашбо бажа санна, Дала Шен КӀентан цӀийца яьккхина йолу, Делан Сино шайга елла йолу Ӏийсах тешачу нехан тоба Ӏалашъе.
Explore Векалийн 20:28
4
Векалийн 20:32
ХӀинца ас шу дӀало Деле. Цуьнан къинхетамах болчу хазачу кхоо шу Ӏалашдийр ду, хӀунда аьлча цо шу чӀагӀдан а, Делан нахана юкъахь декъахой хилийта а мега.
Explore Векалийн 20:32
Home
Bible
Plans
Videos