Цкъа уьш Везачу Элана гӀуллакх деш а, марха кхобуш а болчу хенахь Делан Сино элира: «Бар-Нааб а, Шаул а Ас цаьрга кхайкхинчу гӀуллакхна схьакъаставе Суна», – аьлла.
Далла гӀуллакх дина а, марха кхаьбна а бевлча, тӀе куьйгаш а дехкина, доӀа а дина, тӀедиллина гӀуллакх кхочушдан дӀавахийтира цара и шиъ.