ДӀа а кхаьчна, билггала хилла болу Делан къинхетам шена гича, хазахеттачу Бар-Нааба, Ӏийсах тешна нах иркарахӀиттош, къамел дира, Везачу Элах тешар шайн дегнашкахь латтаде бохуш. Делах тешарх а, Делан Синах а вуьзна волу Бар-Нааб дика стаг вара. Иза бахьана долуш дукха адам Везачу Элана тӀедирзира.